Skip to content
Opens in a new window

[1] Синай-лам тӀехь Везачу Эло Мусага элира:

[2] «ДӀаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоӀучу заманахь цу лаьтте садаӀийта.

[3] Ялх шарахь дӀае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде.

[4] Амма ворхӀалгӀачу шарахь лаьтте садаӀийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дӀа а ма де, кемсаш а ма хедае.

[5] Лаьтта тӀехь ша хьалаяьлларг тӀаьхьалонна дӀа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тӀера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоӀу шо хир ду иза.

[6] Лаьтто цхьана шарахь садоӀур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гӀарбашашна а, тӀелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Ӏачу тӀебаьхкинчу нахана а,

[7] шун даьхнина а, шун лаьтта тӀехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».

[8] «МеттахӀотторан шо шайна юкъахь долу ворхӀ шо ворхӀазза дагар а дай, шовзткъе исс шо шайн хилийта.

[9] Цул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дӀадахаран де дӀакхайкхаде, маӀа а локхуш.

[10] Шовзткъе уьтталгӀа шо къобал а де, шайн махкахь Ӏаш мел волу стаг паргӀат а ваккха. МеттахӀотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХӀора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тӀе а, шен тайпане а кхача.

[11] Шовзткъе уьтталгӀа шо шун шатайпа меттахӀотторан шо хилла дӀахӀуттур ду. ХӀумма а де а ма де, лаьттах ша хьаладаьлларг тӀаьхьалонна дӀа а ма дилла, хедоза йолчу кемсаш тӀера кенаш схьа а ма даха.

[12] ХӀунда аьлча и хан шуна еза хир ю. Арара схьаяьлларг яа шайна.

[13] МеттахӀотторан шарахь хӀора а шен доьзалан латта тӀе верза, цуьнан дола дан.

[14] Хьайн уллорачунна цхьа хӀума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве.

[15] МеттахӀотторан шо дӀадаьллачул тӀаьхьа долу шераш а дагардина, эца еза ахьа хьайн уллорачуьнгара хӀума, ткъа цо а, ялта хин долу шераш а дагардина, хьуна йохка еза иза.

[16] Нагахь санна дуьсуш долу шераш дукха делахь, мах лакхабаккха, нагахь кӀеззиг дуьсуш делахь, лахабаккха, хӀунда аьлча духкуш дерг масех шарахь хин долу ялта ду.

[17] Вовшийн ле ма де, шайн Делах кхера, хӀунда аьлча Со Веза Эла, шун Дела ву».

[18] «Аса шайна тӀедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТӀаккха шу синтем болуш Ӏийр ду шайн махкахь.

[19] Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хӀума хир ду, тӀаккха шу синтем болуш шайн махкахь Ӏийр ду.

[20] Амма аша ала тарло: „Оха латта дӀадуьйш а ца хилча, ворхӀалгӀачу шарахь тхан яа хӀума хир яц“.

[21] Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгӀачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тӀе, тӀаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду.

[22] Ткъа бархӀалгӀачу шарахь ялта дӀадоьчу хенахь, шун шира ялта кхачоза хир ду, иза дуур ду аша, уьссалгӀачу шарахь керла ялта кхиъалц».

[23] Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хӀунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду.

[24] Шайн доьзалан латта мел долчохь иза юхаэцар магаде.

[25] Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дӀадохкахь, цунна гӀо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду.

[26] Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тӀаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега.

[27] ТӀаккха цунна, доьзалан латта доьхкинчул тӀаьхьа йолу хан а лерина, шерашка хьаьжжина лаьттах хӀун мах бала беза хуур ду. Юха а эцна, доьзалан лаьттан дола дийр ду цо.

[28] Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахӀотторан шо тӀекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хӀусамден дола дер ду.

[29] Нагахь стага гонах пен болчу гӀалахь долу цӀа дохкахь, цхьа шо далале иза юхаэца бакъо ю цуьнан.

[30] Амма шо далале цо иза юха ца эцахь, гонах пен болчу гӀалара цӀенош эцначу стеган а, цуьнан тӀаьхьенан а дола довлу, меттахӀотторан шарахь а доьхкинчу стагана иза юхалур дац.

[31] Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цӀенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахӀотторан шарахь шайн хьалхалерчу хӀусамден юха а дола довлу.

[32] Шайн долахь йолчу гӀаланашкахь муьлххачу хенахь а цӀенош юхаэца бакъо ю левихойн.

[33] Ткъа, масала, царах цхьаммо цӀенош юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь уьш юха а хӀусамден дола девр ду, хӀунда аьлча левихойн гӀаланашкахь долу цӀенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза.

[34] Амма церан гӀаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хӀунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю.

[35] Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гӀо де цунна, тӀевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидӀа а Ӏайта.

[36] Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта.

[37] Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна.

[38] КанаӀан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.

[39] Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна.

[40] Хьо волчохь Ӏайта иза, цхьана ханна тӀевеана стаг санна, меттахӀотторан шо тӀекхаччалц.

[41] ТӀаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тӀегӀур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо.

[42] ХӀунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац.

[43] Къизаллица олалла а ма де цу стагана тӀехь, хьайн Делах кхоьруш а хила.

[44] Шайна леш я гӀарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш.

[45] Иштта шайн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах а, шайн лаьтта тӀехь кхиинчу церан тӀаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу.

[46] Шайн тӀаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тӀехь къизаллица олалла ма де.

[47] Хийрачу махкара веана я цхьана ханна шуна юкъахь Ӏаш волу стаг хьал долуш велахь, ткъа хьан ваша, къий а велла, цу стагана вохкавеллехь,

[48] ша юхаэцийта бакъо хир ю цуьнан. Вежарех цхьаммо юхаэца мегар ду иза.

[49] Цуьнан девашас я девешин кӀанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех.

[50] Ша эцначунна мах дӀатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тӀера дуьйна меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дӀадала деза цо, хӀунда аьлча и стаг хӀусамда волчохь тӀелаьцна белхало санна хилла.

[51] Ткъа меттахӀотторан шо тӀекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дӀадала деза цо.

[52] Нагахь шераш кӀезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дӀабала беза шех богӀу мах.

[53] ХӀора шарахь йолах тӀелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХӀусамдега цунна тӀехь ницкъ ма байта.

[54] Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахӀотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргӀатдевр ду.

[55] ХӀунда аьлча исраилхой Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Со шун Веза Дела ву.

Далла Ӏамалъяр — Chapters