Skip to content
Opens in a new window

[1] ПӀелаштамхой исраилхошца тӀом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаӀ олучу лам тӀехь дукха хӀаллакьхилира.

[2] Шаулна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьа а бевлла, пӀелаштамхоша цуьнан кӀентий ЯхӀуната а, Абинадаб а, МалкишаӀ а байира.

[3] Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. Къаьсттина чӀогӀа кхарна ницкъ бора секхаӀад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара.

[4] Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дӀаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тӀе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира и дехар кхочушдан. ТӀаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тӀе а вогӀавелла, шех иза чекхдаьккхира.

[5] Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тӀе а вогӀавелла, велира.

[6] Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а.

[7] ИзраӀал-тогӀина къилбаседехьа Ӏаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Ӏаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тӀемалой бевдда дӀабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дӀабахара. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташ дӀа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира.

[8] ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой байина Ӏохкуш болчарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаӀ-лам тӀехь хиллачу тӀамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кӀентан а декъий карийра,

[9] Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пӀелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дӀакхачийра, иштта хаам бира шайн цӀуш дӀахӀиттийна долчу динан цӀенош долчу а.

[10] Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Ӏаштартана дина долчу динан цӀа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тӀе дӀатуьйхира.

[11] ГалӀадарчу Явеш-гӀалара болчу бахархошна дӀахезира пӀелаштамхоша Шаулна динарг.

[12] Массо а майра стаг гӀаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тӀера охьа а даьхна, Явеш-гӀала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара.

[13] Церан даьӀахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гӀалахь тамариск цӀе йолчу дитта кӀелахь дӀайоьхкира. ВорхӀ дийнахь марха кхебира цара.

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters