[1] Цхьана дийнахь Шаулан кӀанта ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, дехьа агӀор лаьтташ йолчу пӀелаштамхойн тобанна тӀевоьду вайшиъ». Амма шен дега Шауле цо иза ца хаийтира.
[2] Шаул ГебаӀ-гӀалин йистехь, МагӀран-гӀалин уллохь лаьтташ долчу наран дитт бухахь сецнера. Цуьнца цхьаьна ялх бӀе стаг а,
[3] Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхӀу а вара. (Иза вара Ахьтубин кӀант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Ӏелин кӀентан Пайнехьасан кӀант.) Цигахь долчу халкъана ЯхӀуната дӀавахнийла ца хаьара.
[4] ПӀелаштамхойн эскаран тоба йолчу хӀара шиъ дехьавала кечвеллачу новкъахь дехьай, сехьай лаьтташ чӀогӀа ира ши тарх яра. Цхьаннан цӀе БоцӀацӀ яра, вукхун цӀе Сенна яра.
[5] Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тӀейирзина лаьтташ яра, важа ГебаӀ-гӀалина къилбехьара тӀейирзина яра.
[6] ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гӀо дан мега вайна, хӀунда аьлча Цунна хала дац вайна гӀо дан, вай мел делахь а».
[7] Ялхочо кхуьнга элира: «Хьайн даго къобалдеш дерг де. Хьо миччанхьа водахь а, со хьоьца ву хьуна».
[8] ЯхӀунатас элира: «Вайшиъ, уьш болчу дехьа а ваьлла, царна гуччохь дӀахӀуттур ву.
[9] Цара вайшинга: „Тхо тӀедахккалц цигахь латта“, – алахь, вайшиъ, царна тӀе а ца воьдуш, Ӏадда лаьттар ву.
[10] Нагахь санна цара: „Тхо долчу хьаладовла“, – алахь, вайшиъ хьалавер ву. Иза вайшинга Везачу Эло йина билгало хир ю, уьш вайшиннан кара схьабелла аьлла».
[11] И шиъ, хьала а ваьлла, пӀелаштамхошна гуччохь дӀахӀоьттича, вукхара элира: «Ӏебархой шаьш дӀалечкъинчу чӀожа чуьра арабовлуш бу».
[12] Эскаран тобанна юкъахь болчара кху шинга мохь туьйхира: «Хьаладовла тхо долчу, оха цхьа хӀума эр ду шуьга». ЯхӀунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Суна тӀаьхьа схьавола. Уьш Везачу Эло исраилхошна кара схьабелла».
[13] ЯхӀуната, когаш а, куьйгаш а дӀатуьйсуш, гунах хьалавала волавелира, цунна тӀехьа вогӀуш цуьнан герз лелош волу ялхо а вара. ХӀара шиъ пӀелаштамхошна тӀелетира. ЯхӀуната, хьалха а ваьлла, леташ вара, ткъа цо лазийнарш цуьнан ялхочо бойура.
[14] Цу шиммо ткъа стаг вийра. Шина стеро цхьана дийнахь охун йолчу ах аренал йолчу меттехь хилира церан пӀелаштамхошца латар.
[15] ТӀеман аренгахь болу пӀелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дӀаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чӀогӀа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Ӏадийнера.
[16] Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь лаьтташ болчу Шаулан гӀаролхошна гира яьржина дӀасауьду адамийн тоба.
[17] Шеца долчу адамашка Шаула элира: «Хьажал, вайна юкъара ара мила ваьлла». Уьш хьаьжна бевлча, царна хиира ЯхӀуната а, цуьнан ялхо а шайна юкъахь воцийла.
[18] Шаула АхьъяхӀуга элира: «Схьадал Делан деза тӀорказ». Цу хенахь Делан деза тӀорказ исраилхошца дара.
[19] Шаул динан деца къамел деш волчу хенахь пӀелаштамхой болчохь кхин а чӀогӀа гӀовгӀа елира. ТӀаккха Шаула динан дега элира: «Сацаде айхьа долийнарг».
[20] Шеца мел хиллачу адамца тӀом лаьттинчу метте дӀавахара Шаул. ЧӀогӀа боьхна хьийзаш болчу пӀелаштамхойн эскархоша шайн тарраш вовшашна дуьхьал даьхна хилла. МостагӀий боьхна хьийзаш хилла.
[21] Эццахь пӀелаштамхошна гӀуллакх деш цаьрца цхьаьна хилла болу Ӏебархой Шаулаций, ЯхӀунатиций хиллачу исраилхойх дӀакхетта.
[22] Эпрайман лаьмнаш тӀехь дӀалечкъина мел хилла волу исраилхо, пӀелаштамхой уьдуш буйла хиъча, тӀом беш болчу исраилхойх схьакхетта.
[23] Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхира, ткъа тӀом Байт-Аване кхаччалц дӀабаьржира.
[24] Исраилхой чӀогӀа холчу хӀиттинера цу дийнахь. Шаула цаьрга аьллера: «НеӀалт хуьлийла, аса сайн мостагӀашна тховса бекхам бина хан тӀекхаччалц, баьпках мотт тухун болчунна». Цхьаммо а юучу хӀуманах мотт ца туьйхира.
[25] Мел долу адам хьуьнах дӀадахара. Цигахь царна моз карийра.
[26] Шаьш хьуьнна юккъе бахача, цара бохура: «Кхузахь охьаоьхуш моз ду». Амма цхьаммо а шен куьг бете ца даьхьира, хӀунда аьлча адам шен дуй къарбан кхоьрура.
[27] ЯхӀунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гӀаж, дӀа а кховдийна, мезан улха юккъе а Ӏоьттина, цу тӀера моз дӀакхаьллира. Цуьнан ши бӀаьрг серлабелира.
[28] Нахана юкъахь волчу цхьаммо цуьнга элира: «Хьан дас нахе чӀагӀо яйтина тахана яа хӀума ца яийта. Цо цаьрга аьлла: „НеӀалт хуьлийла тахана хӀума кхоллун волчунна“. Цундела ду адам чӀогӀа гӀелделла».
[29] ЯхӀунатас цаьрга элира: «Сан дас халкъана дуьхьал шегара гӀалат далийтина. Хьажал сан серлабевллачу бӀаьргашка жимма и моз кхаллар бахьана долуш.
[30] Тахана наха шайн мостагӀашкахь карийначух яа хӀума йиъна хиллехь, пӀелаштамхойн эшар кхин а чӀогӀа хир дара».
[31] Цу дийнахь Михмасера дуьйна Айлоне кхаччалц исраилхоша эшийнера пӀелаштамхой. Уьш чӀогӀа кӀадбелла, гӀора дӀадаьлла бара.
[32] ЧӀогӀа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагӀашна, стерчашна, эсашна тӀебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цӀийца цхьаьна дууш бара.
[33] Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цӀийца цхьаьна хӀума юуш». Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тӀулг».
[34] Цул тӀаьхьа цо элира: «Адамашна дӀахаийта: хӀораммо, со волчу шен сту я уьстагӀ схьа а балабеш, царна урс а хьокхуш, баа. Везачу Элана хьалха къинош ма летаде, цӀийца цхьаьна жижиг дууш». Наха хӀораммо а, шайн куьйгаца схьа а лоций, буьйсанна сту схьабалабора. Циггахь иза бен а боьра.
[35] Шаула Везачу Элана сагӀа даккха меттиг кечйира. Иза яра цо дуьххьара кечйина йолу сагӀа доккху меттиг.
[36] ТӀаккха Шаула элира: «Буьйсанна пӀелаштамхошна тӀаьхьадовла деза вай. Цаьргахь мел ерг схьа а яьккхина, сахилале церан цхьа а стаг дийна вуьтур вац вай». Цара элира: «Хьайна бакъахьа мел хеташ дерг де». Амма динан дас элира: «Делах дагадовла деза вай».
[37] Шаула Деле хаттар дира: «ПӀелаштамхошна тӀаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таӀзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна.
[38] ТӀаккха цо элира: «Массо а халкъан куьйгалхой суна тӀе бахкийта. Цаьрга, халкъана юкъахь къа латийнарг муьлха ву хьожуш, таллийта.
[39] Аса Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чӀагӀо йо, и къа латийнарг сан кӀант ЯхӀуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора.
[40] ТӀаккха Шаула Исраилан халкъе элира: «Шу массо а цхьаьна агӀор дӀахӀотта, ткъа вукху агӀор сой, сан кӀант ЯхӀунатий хӀуттур ву». Наха Шауле элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де».
[41] Шаула Везачу Эле элира: «Исраилан халкъан Дела! Бакъдерг гайтахьа тхуна». Гулбеллачарна дай, кӀанттий бехке хилар гира. Ткъа халкъ бакъдеш хиларан билгало а хилира.
[42] ТӀаккха Шаула элира: «Суний, сан кӀантаний юкъахь кхаж таса». ЯхӀунатина кхаж белира.
[43] Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хӀун даьлла хьоьгара?» ТӀаккха ЯхӀунатас дӀадийцира: «Аса, сайгара гӀаж чу а Ӏоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хӀума бахьана долуш со вала везаш вуй?»
[44] ТӀаккха Шаула элира: «Нагахь санна ЯхӀуната лийр вацахь, Дала суна со валлал чӀогӀа таӀзар дойла!»
[45] Амма халкъо Шауле элира: «Массо а халкъ кӀелхьардаьккхина волу ЯхӀуната вуй техьа вала дезаш верг? Иза хир дац! Дийна волчу Везачу Элах оха чӀагӀо йо: цуьнан коьртара цхьа а чо лаьтта охьабужур бац! Дела шеца волуш дина цо пӀелаштамхой а эшош динарг». ЯхӀуната халкъо, вен а ца воьйтуш, паргӀат витира.
[46] ПӀелаштамхошна тӀаьхьаваьллачуьра Шаул юхавирзира, ткъа вуьш шайн махка дӀабахара.
[47] Шаула Исраилан махкахь шен паччахьалла дӀахӀоттийра. Шена гонах мел волчу массо а мостагӀчуьнца тӀом беш чекхвелира иза: Муабица а, Ӏамминхошца а, Эдомца а, Цобарчу паччахьашца а, пӀелаштамхошца а. Ша тӀом мосазза бо, толам а боккхура цо.
[48] Ӏамалекхана тӀехь цо баьккхина толам бахьана долуш, Исраилан халкъ цуьнан талорхойх кӀелхьардаьккхира.
[49] Шаулан кӀентийн цӀераш яра: ЯхӀуната, Ишви, МалкишаӀ. Шаулан йоккхаха йолчу йоӀан цӀе Мираба яра, жимаха йолчун цӀе Михула яра.
[50] Шаулан зудчун цӀе АхьнуӀмат яра. Иза АхьимаӀацан йоӀ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цӀе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кӀант вара.
[51] Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кӀентий бара.
[52] Шаул ша мел веха пӀелаштамхошца тӀом беш хилла. Шена майра а, доьналла долуш а волу стаг гича, иза ша волчу дӀавуьгуш хилла цо.