[1] Делан деза тӀорказ йийсаре а дигна, пӀелаштамхоша иза Абани-Ӏазарера Ашдод-гӀала схьадеара.
[2] Цара деза тӀорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагӀонан цӀа чу диллира. Цара иза ДагӀонан суьртана уллохь охьахӀоттийра.
[3] ШолгӀачу Ӏуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагӀонан тӀулгах дина долу сурт Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш. Хьала а айдина, ДагӀонан сурт цара ша хиллачу дӀахӀоттийра.
[4] Вукху Ӏуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тӀорказна хьалха бертал Ӏуьллуш долу ДагӀонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неӀсагӀи тӀехь Ӏуьллуш. Дохоза дегӀан гӀад диснера.
[5] И бахьана долуш таханлера де тӀекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гӀаларчу ДагӀонан цӀа чу шаьш баьхкича, цкъа а неӀсагӀи тӀе ца бовлу.
[6] Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таӀзар дора Цо царна, дегӀа тӀе хӀуманаш юьйлуьйтуш, Ӏазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гӀалахь хӀоттийна а ца Ӏаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хӀоттийнера.
[7] Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тӀорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагӀонна а».
[8] Цара, пӀелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХӀун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тӀорказна?» Вукхара элира: «Вай и тӀорказ Гати-гӀала дӀадахьа деза». Цара иза Гати-гӀала дӀадаьхьира.
[9] Иза цига дӀа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чӀогӀа инзарбохуш, царна тӀе доккха Ӏазап хӀоьттира, массеран а дегӀа тӀе ирча хӀуманаш евлира, воккха-жима ца къастош.
[10] Цул тӀаьхьа цара Делан тӀорказ Ӏекхран-гӀала дӀадаьхьира. Амма иза цига дӀадаьхьча, цу гӀалара бахархой чӀогӀа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тӀорказ схьадеана тхо а, тхан гӀала а хӀаллакьян».
[11] ТӀаккха цара, массо а пӀелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тӀорказ ша хиллачу дӀадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хӀаллакдале!» Ӏекхран-гӀалара бахархой чӀогӀа кхерабелла хилла, хӀунда аьлча церан дахар цу хенахь чӀогӀа эрчадаьлла хилла дела.
[12] Байаза бисинарш дегӀа тӀехь хӀуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура.