Skip to content
Opens in a new window

[1] Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пӀелаштамхойн лаьтта тӀе ведда дӀавахар ду. ТӀаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тӀаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кӀелхьара дӀавер ву».

[2] Хьала а гӀаьттина, Дауд, шеца волу ялх бӀе стаг а эцна, Гати-гӀалахь паччахь волу МаӀухин кӀант Ахаш волчу вахара.

[3] Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гӀалахь ваха хиира, хӀора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.

[4] Шауле, Дауд Гати-гӀала ведда дӀавахана аьлла, хабар дӀакхечира, тӀаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира.

[5] Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гӀалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Ӏийр вара. Хьан лай хӀунда Ӏан веза хьоьца нийсса паччахь Ӏачу гӀалахь?»

[6] Ахаша цунна ЦакхелагӀ олуш йолу гӀала елира. Цундела ЦакхелагӀ таханлера де тӀекхаччалц а яхӀудхойн паччахьийн карахь йисина.

[7] Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пӀелаштамхойн махкахь.

[8] Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Ӏамалекхахошний тӀелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гӀалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тӀекхаччалц дехаш хилла.)

[9] Церан бахам (уьстагӀий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тӀеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТӀаккха иза Ахаш волчу схьавогӀуш хилла.

[10] Ахаша хоттура Дауде: «ХӀинца хьанна тӀелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегӀаб арахь болчу ЯхӀуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Ӏаш болчу кхенахошна».

[11] Дауда я стаг а, я зуда а дийна ца дуьтура. Цо уьш Гати-гӀала схьа а ца балабора. Дауда ойла йора: «Цара, вайна мотт тухуш, ала мега: „ХӀара зулам Дауда дира“, – аьлла. Дауда ша пӀелаштамхойн лаьттахь мел яьккхина йолу хан иштта лелаш яьккхира».

[12] ТӀаккха Ахаш Даудах тийшира. Шен дагахь цо бохура: «Иза шен Исраилан халкъана бӀаьрга ван ца веза. И бахьана долуш иза, схьахетарехь, гуттаренна а сан ялхо хир ву».

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters