[1] Цигара ведда, Дауд Ӏадуламарчу хьеха чу вахара. Иза шайна хезча, цуьнан вежарий а, цуьнан цӀийнан нах а хӀара волчу баьхкира.
[2] Дауд волчу схьагулбелира гӀело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тӀехь хьаькам хилла дӀахӀоьттира, хӀинца кхуьнца виъ бӀе гергга стаг вара.
[3] Цигара ваьлла, Дауд Муабин МицӀпа-гӀала вахара. Цо муабахойн паччахье элира: «Сан дай-наний хьо волчохь дитахьара ахьа, Дала сайна хӀун до суна хаъалц».
[4] Уьш, муабахойн паччахь волчу схьа а балийна, цигахь битира Дауда. Иза шен чӀагӀйина меттиг йолчохь мел Ӏа, цуьнан дай, наний цигахь Ӏийра.
[5] Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хӀара лочкъийла йолчохь ма Ӏе. Вало, ЯхӀудан махка дӀагӀо». Цигара дӀа а ваьлла, Дауд дӀавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира.
[6] Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаӀ-гӀалахь цхьана лам тӀехь тамариск цӀе йолу дитта кӀелахь Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара.
[7] Шаула шена гонахьа болчу шен ялхошка элира: «ЛадогӀа соьга, бен-яманхой. Оцу Юшайн кӀанта шуна массарна а кемсийн а, ялтийн а аренаш лур ю моьтту шуна, я эзарнаш а, бӀенаш а карахь а болуш шу хьаькамаш бина дӀахӀиттор ду моьтту шуна?
[8] Шу массо а суна дуьхьал хӀунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хӀунда ца аьлла, сан кӀант Юшайн кӀантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кӀант, хӀинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кӀанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а».
[9] Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагӀа элира: «Суна Нуб-гӀалахь гира Ахьтубин кӀант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кӀант.
[10] Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хӀума а, пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан тур а дӀаделира».
[11] Паччахьо Ахьтубин кӀанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гӀалара церан цӀийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира.
[12] Шаула элира: «ЛадогӀал соьга, Ахьтубин кӀант». Вукхо жоп делира: «ЛадугӀуш ву, сан эла».
[13] Шаула элира: «Хьой, Юшайн кӀанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хӀунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хӀунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кӀело яйта?»
[14] Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тӀедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цӀийнах болчара лоруш а ву.
[15] ХӀинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тӀехь сох а, сан цӀийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хӀунда аьлча цу доллучу хӀуманах хьан лай волчу суна хӀумма а ца хаьа».
[16] Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!»
[17] Шена уллохь лаьтташ болчу гӀаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тӀе куьг дахьа.
[18] ТӀаккха паччахьо ДуагӀе элира: «Ваха а гӀой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагӀа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра.
[19] Динан дай Ӏийна йолчу Нуб-гӀалара адам а хӀаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кӀегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагӀий дайина дӀадехира, тур детташ.
[20] Царна юкъара, Ахьтубин кӀентан Ахьи-Маликан кӀант волу Абу-ЯтӀари бен, цхьа а кӀелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дӀавахара.
[21] Абу-ЯтӀарис Дауде дӀадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна.
[22] Дауда Абу-ЯтӀарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагӀ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке.
[23] Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гӀерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Ӏуналла деш хир ву».