[1] Ӏамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалӀадерчу Явеш-гӀалина го бира. Массо а цу гӀаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гӀуллакх деш лелар ду».
[2] ТӀаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тӀе а дожош: шун хӀораннан а аьтту бӀаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьӀаьржачу хӀоттор ду ас».
[3] ТӀаккха Явеш-гӀаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхӀ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьӀӀе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гӀо ца дахь, тхо хьуна тӀе догӀур ду».
[4] Геланчаш Шаул Ӏаш волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира. Цара шайна тӀехӀоьттинарг дерриг а халкъана дӀадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира.
[5] Стерчашна тӀаьхьа а хӀоьттина, аренгара цӀа вогӀуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хӀун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гӀалара баьхкинчара деанарг дӀадийцира.
[6] И хӀума цунна дӀа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тӀе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чӀогӀа оьгӀазвахара.
[7] Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьӀӀе цу геланчашка дӀасадахьийтира, массарна дӀа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тӀаьхьа ца хӀиттинчеран стерчий», – аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чӀогӀа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дӀахӀоьттина, цунна тӀе дахара.
[8] Шаула Безакх-гӀалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бӀе эзар стаг вара, ЯхӀуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара.
[9] Цара геланчашка элира: «ГалӀадерчу Явеш-гӀалин бахархошка дӀаала: „Кхана малх схьакхеттачул тӀаьхьа царна гӀо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дӀаэлира. Уьш чӀогӀа гӀадбахнера.
[10] Явеш-гӀалин бахархоша Ӏамминхошка элира: «Тхо кхана дӀадогӀур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна».
[11] ШолгӀачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Ӏуьйранна, сахилале, уьш Ӏамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тӀекхачале цара уьш эша а бира. ТӀаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дӀасабевдира.
[12] ТӀаккха халкъо Шамъале элира: «Мила ву: „Шаула дийр дара тхуна тӀехь паччахьалла?“ – баьхнарг? Схьало уьш тхоьга, оха уьш бойур бу!»
[13] Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина!»
[14] Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дӀагӀо вай, юха а паччахьалла дӀахӀоттор ду вай».
[15] Дерриг а адам Галгала дӀадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дӀа а хӀоттийна, Делаца барт беш сагӀанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чӀогӀа самукъаделира цу дийнахь.