[1] Цигара ша дӀавахча, Дауд, Ӏейн-ГӀади йолчу а вахана, цигахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара.
[2] Шаул пӀелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Ӏейн-ГӀади олучу яьссачу аренгахь ву», – аьлла.
[3] Иза, массо а ЯхӀуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгӀар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цӀе йолчу меттигна уллохь дара.
[4] Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагӀий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гӀуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Ӏаш бара.
[5] Даудаца болчара цуьнга элира: «ХӀара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагӀа хьан кара дӀалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гӀаьттина, Шаулан тӀехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра.
[6] Ша и хӀума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана.
[7] Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тӀе куьг дахьар, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву».
[8] Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тӀе куьг ца кховдадойтуш. Ткъа Шаул, хьала а гӀаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тӀе велира.
[9] Дауд а хьалагӀаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, гора хӀоьттира.
[10] Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гӀерташ ву“ – бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хӀунда дугӀу ахьа?
[11] Тахана хьан бӀаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тӀе куьг хьур дац, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“.
[12] Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХӀинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хӀума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тӀаьхьаваьлла ву, иза дӀадаккха лууш.
[13] Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох.
[14] Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тӀе куьг хьур дац.
[15] Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тӀаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жӀаьлина тӀаьхьаваьлла, цхьана сагална тӀаьхьаваьлла?
[16] Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тӀе а хьаьжна, сан гӀуллакх къастор ду, со хьан куьйга кӀелхьара схьа а воккхуш».
[17] Дауд и дешнаш дӀааьлла ваьллачул тӀаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кӀант Дауд?» Цул тӀаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира.
[18] Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хӀунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина.
[19] Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дӀавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра.
[20] Хьан вохуьйтур вара шен мостагӀа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дӀа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш.
[21] Суна хӀинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чӀагӀъелла дӀахӀуттур юйла а.
[22] Ткъа хӀинца Везачу Элан цӀарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тӀаьхьа сан хӀу айхьа хӀаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цӀе йовр яц аьлла а».
[23] Дауда Шаулна и чӀагӀо йира. Шаул шен цӀа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чӀагӀйинчу меттиге хьалавелира.