[1] Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира.
[2] Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дӀа а ца вохуьйтуш.
[3] ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо.
[4] Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхӀунатас шена тӀехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дӀаелира. Иштта тӀеман бедарш а, тур а, секхаӀад а, доьхка а дӀаделира цо.
[5] Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тӀеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тӀеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.
[6] Дауда пӀелаштамхо эша а вина, эскархой цӀа богӀучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гӀаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргӀанаш а, дечиг-пондарш а дара.
[7] Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш».
[8] Шаулна и дешнаш чӀогӀа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дӀабелла, ткъа суна – эзарнаш бен. Цунна хӀинца, паччахьалла тӀехилчхьана, кхин хӀумма а ца оьшу».
[9] Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогӀаца хьоьжура.
[10] ШолгӀачу дийнахь Делера долу жин цӀеххьана Шаулна тӀе доьссира. Иза шен цӀахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара.
[11] Цо, шен дагахь: «Аса иза хӀинца пенах дӀалатор ву», – бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дӀа а таьӀна, иза тӀехбалийтира.
[12] Шаул Даудах кхоьруш вара, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера.
[13] Шаула Дауд, шена уллора дӀа а ваьккхина, шен эзар тӀемалочунна тӀехь хьаькам хӀоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тӀехь куьйгалла деш а вара.
[14] Дауда ша мел деш долу гӀуллакх кхиамца дора, хӀунда аьлча Веза Эла цуьнца вара.
[15] Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара.
[16] Ткъа массо а Исраил-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а къаьмнашна Дауд чӀогӀа везара, хӀунда аьлча иза дерриг а гӀуллакхна хьалхаваьлла волу дела.
[17] Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоӀ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тӀемаш дӀа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пӀелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан».
[18] Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цӀа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дӀахӀоттал».
[19] Шаулан йоӀ Мираба маре яха хан тӀекхаьчча, иза махьулхочуьнга Ӏадриале маре яхийтира.
[20] Амма Шаулан вукху йоӀана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дӀахаийтича, Шаулна и гӀуллакх хазделира.
[21] Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоӀ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пӀелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгӀа а Дауде элира: «ХӀинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса».
[22] Шена гонах болчаьрга Шаула элира: «Къайлаха цуьнга ала: „Хьажал, паччахь хьоьца чӀогӀа дика ву, цунна гонах болчарна массарна а хьо веза. ХӀунда аьлча хӀинца дика зама ю паччахьан нуц хилла дӀахӀотта“».
[23] Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дӀааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву».
[24] Паччахьан гонах болчара Шауле дӀадийцира шайн Даудаца хилла къамел.
[25] Шаула элира: «ДӀаала Дауде: „Паччахьна шен йоӀах кхин там ца оьшу, бӀе вийна пӀелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш суна схьада. Иза паччахьан мостагӀашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пӀелаштамхойн карахула хӀаллакван гӀертар дара.
[26] Паччахьна гонах болчара и къамел Дауде схьадеара. Даудана тайнера паччахьан нуц хилар. Хан йиллина денош тӀекхачале,
[27] Дауда шен накъосташца, пӀелаштамхой болчу а вахана, царах ши бӀе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоӀ Михула маре дӀаелира.
[28] Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоӀана Михулина Дауд везийла а.
[29] Цундела Шаул кхин а чӀогӀа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагӀа хилла дӀахӀоьттира массо а ханна.
[30] ПӀелаштамхойн баьччанаш тӀамца гӀевттича, Дауд массо а Шаулан тӀемалойл а кхиаме тӀом дӀахьош хуьлура. Цуьнан цӀе массанхьахула дӀасаяьржира.