[1] Ӏамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тӀаьхьа, цо ЦакхелагӀахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тӀаьхьа дара.
[2] КхоалгӀачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТӀера бедарш а этӀийна, коьрта тӀе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо.
[3] Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» – аьлла. Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тӀом бинчу меттера кӀелхьарваьлла схьавеана».
[4] ТӀаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь? Схьадийца соьга». Цу стага жоп делира: «ТӀом баьллачуьра дукха адам дедда дӀадахана. Царах дукхахберш, байина, хӀаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а вийна».
[5] ТӀаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а веллийла?»
[6] Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаӀ олучу лам тӀехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тӀе таьӀна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гӀудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тӀекхаьчна богӀуш бара.
[7] Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугӀуш ву“, – аьлла.
[8] Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Ӏамалекхахо ву“.
[9] ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“.
[10] ТӀаккха, тӀе а вахана, аса иза вийра, хӀунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тӀаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тӀера хӀоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».
[11] Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тӀера бедарш этӀийра, и хӀума чӀогӀа халахетарна.
[12] Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хӀума ца юуш Ӏийра, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цӀа а бахьана долуш, уьш мостагӀийн туьро хӀаллакбина дела.
[13] Дауда и хӀума шена дийцина волчу жимачу кӀанте хаьттира: «Хьо мичара ву?» Цо жоп делира: «Со тӀевеана волчу Ӏамалекхахочун кӀант ву».
[14] ТӀаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тӀе куьг а даьхьна, иза вен?»
[15] Цул тӀаьхьа, цхьа жима стаг тӀе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТӀе а волий, иза ве». Цо иза вийра.
[16] Дауда элира: «Хьайн Ӏожаллина хьо-хьуо ву бехке, хӀунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».
[17] Дауд Шаулний, цуьнан кӀант волчу ЯхӀунатиний вилхира, назма а олуш.
[18] Цо омра дира яхӀудхошка, секхаӀад цӀе йолу и назма Ӏамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тӀехь дӀаязйина ю). Цо элира:
[19] «Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тӀехь йоьжна! Ма ийгир-кх и ницкъ берш!
[20] Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гӀалахь, Ашкхилунан урамашкахь дӀа а ма кхайкхаделаш, пӀелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта, сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.
[21] ГилбаӀан лаьмнаш! Я тхи а, я догӀа а ма дужийла шуна тӀе! Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тӀехь, хӀунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь, Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!
[22] ЯхӀунатас шен секхаӀодаца пхерчий кхиссича, мостагӀчун цӀий Ӏожаллина Ӏенира. Шаула шен тур майрачунна тоьхча, тӀингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.
[23] Шаул а, ЯхӀуната а, шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара, Ӏожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех. Аьрзунел сиха а, лоьмел ницкъ болуш а вара и шиъ.
[24] Исраилхойн мехкарий! Шаьш таьӀна-цӀен бедаршца кечдеш, дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тӀаьхьа делхалаш.
[25] Ма хӀаллакьхили и къонахий тӀеман аренгахь! Ма вийна-кх ЯхӀуната, лакхенашкахь Ӏуьллуш волу!
[26] Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната! Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.
[27] Ма хӀаллакьхили ницкъ берш! ТӀеман герз ма хӀаллакьхили!»