Skip to content
Opens in a new window

[1] Шамъал дерриге а Исраилан халкъе вистхилира: «Аша мел аьллачуьнга ла а доьгӀна, ас шуна тӀехь паччахь дӀахӀоттийна.

[2] Иза хӀинца шуна тӀехь лаьтташ ву. Ткъа со къан а велла, къеж а велла. Делахь а сан кӀентий шуьца бу. Со шун коьртехь лаьттина жима волуш дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц.

[3] Со хӀинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гӀалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гӀело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тӀехь сайн ши бӀаьрг дӀакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».

[4] Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гӀело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».

[5] Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хӀума ца даьллийла». «Веза Эла теш ву», – элира цара.

[6] ТӀаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхӀарон а ДӀахӀоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг.

[7] Шу кхузахь совца. Аса хӀинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гӀуллакхаш дага а доуьйтуш.

[8] Якъуб Мисар-махка дӀавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дӀабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхӀаронний вахийтира шун дайшна гӀо дан. ТӀаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра.

[9] Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тӀом бина болчу пӀелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гӀалин тӀеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дӀабелира уьш Везачу Эло.

[10] ТӀаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цӀушна БаӀалгӀарний, ӀаштартгӀарний гӀуллакх дан хӀиттира тхо. МостагӀчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТӀаккха тхо, Везачу Элана тӀе а дирзина, Цунна гӀуллакх а деш, лелар дара“.

[11] ТӀаккха Везачу Эло ГадӀаний, Беданний, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагӀех шу кӀелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тӀаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира.

[12] Амма Ӏамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тӀехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!

[13] ХӀара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийна.

[14] Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гӀуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтӀахь хилахь, шун дахар дика хир ду.

[15] Амма Цуьнга ла а ца дугӀуш, Цо бохучунна шу, дуьхьал а дуьйлуш, дӀадуьйлалахь, Цуьнан куьг, шун дайшна санна, шуна дуьхьалдер ду.

[16] Ткъа хӀинца, дӀа а хӀиттий, дика хьажа Везачу Эло шайн бӀаьргашна хьалха ден долчу доккхачу гӀуллакхе.

[17] ХӀинца ялта хьокху хан ю вайна. Аса Везачу Эле доӀа дийр ду, юха Цо, стигал къовкъош, догӀа доуьйтур ду. Юха шуна хуур ду, мел доккха къа латийна аша Цунна хьалха, шайна паччахь воьхуш».

[18] Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догӀа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чӀогӀа кхераделира.

[19] Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тӀера, доьхуш, доӀа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тӀе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна».

[20] Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дӀа ма херло, цӀеначу дагца Цунна гӀуллакх а де.

[21] Кхин цкъа а хӀумма а йоцучу деланашна тӀе ма гӀерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гӀо дац, хӀунда аьлча уьш шаьш кӀад а йоцурш ю.

[22] Шен цӀе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дӀатесна дуьтур дац, хӀунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина.

[23] Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дӀадаха Ӏамор ду.

[24] Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тӀе а дерзадай, Цунна гӀуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гӀуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш.

[25] Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дӀахьокхуш йолу нехаш санна, хӀаллакдийр ду».

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters