Skip to content
Opens in a new window

[1] Нуб-гӀалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хӀунда ву? Хьоьца цхьа а хӀунда вац?»

[2] Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гӀуллакх тӀедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хӀунда вахийтина ву а, аса хьайна тӀедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла.

[3] Ткъа хӀинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кӀелахь йолу яа хӀума яла еза».

[4] Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тӀаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дӀахьо».

[5] Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХӀоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цӀеналла лар а йо, тхайна тӀедиллинарг кхочуш ца дойту хӀума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цӀеналла ларйина, тхаьшна тӀедиллинарг кхочушдархьама».

[6] Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цӀа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла.

[7] Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагӀа цӀе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаӀушна тӀехӀоттийна вара.

[8] Дауда Ахьи-Малике элира: «ТӀекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тӀедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хӀума а схьа ца эцна».

[9] Динан дас элира: «Ахьа Эла-тогӀи чохь вийна пӀелаштамхо волчу ГӀолиатан хӀара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тӀехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Ӏуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хӀумма а яц кху чохь». Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».

[10] Цу дийнахь Дауд Шаулах ведда дӀавахара. Иза Гати-гӀалара паччахь Ахаш волчу вахара.

[11] Ахашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш?»

[12] И дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гӀалин паччахьах Ахашах кхоьрура.

[13] Иза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неӀарш тӀехь яздора, шен можана тӀехула шеташ охьаоьхуьйтура.

[14] ТӀаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХӀунда валийна аша иза со волчу?

[15] Я сан хьерабевлларш кӀезиг бу, суна хьалха дастама хӀуманаш цуьнга леладайттал? Сан цӀа чу-м вер ма хир вац иза?»

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters