[1] Цхьана шарахь паччахьалла дӀакхехьна Шаула. Исраилан паччахь ша волу шолгӀа шо дузучу хенахь,
[2] цо кхо эзар исраилхо шена дӀахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхӀунатица Бен-Яманарчу ГибаӀ-гӀалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цӀа бахийтинера.
[3] ЯхӀунатас ГибаӀ-гӀалахь гӀаролехь лаьтташ хилла йолу пӀелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хӀума пӀелаштамхошна дӀахиъна. Ткъа Шаула, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхадайтина: «Ӏебархошна хезийла!» – аьлла.
[4] Исраилан халкъана Шаула пӀелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагӀа хилла дӀахӀоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гӀала схьагулделира.
[5] Ткъа пӀелаштамхой исраилхошна дуьхьал тӀом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гӀудалкх, ялх эзар говрахь волу тӀемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХӀордан йистера гӀум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
[6] Исраилхой кхийтира шайн гӀуллакх чӀогӀа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Ӏаш бара. Цундела уьш хьехашна, чӀажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гӀунаш чохь а дӀалечкъира.
[7] Цхьаболу Ӏебархой, Йордан-хил дехьа а бевлла, ГалӀадан а, Гадин а долахь хиллачу мехкашка дӀабахара. Шаул цу хенахь а Галгалахь вара. Цуьнца цхьаьна долу адам, чӀогӀа кхераделла, доьхна дара.
[8] Шамъала шега ма-аллара, ворхӀ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Ӏийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогӀуш, хьевеллера. Цундела адамаш дӀасаэха дуьйладелира.
[9] Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира.
[10] Амма иза и гӀуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул.
[11] Шамъала цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахьа динарг?» Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дӀауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогӀуш, хьевеллера. ПӀелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу.
[12] ТӀаккха аса ойла йира: „ПӀелаштамхой Галгала тӀамца чубогӀур бу, ткъа со хӀинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагӀа даьккхира».
[13] ТӀаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чӀогӀа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чӀагӀдийр дара,
[14] амма хӀинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тӀехь баьчча вина дӀа а хӀоттор ву, хӀунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тӀедиллинарг кхочуш ца дина».
[15] Шамъал, хьала а гӀаьттина, шен новкъахула дӀавахара. ТӀаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дӀавоьдучу хенахь цуьнца Галгалара Бен-Яманан ГебаӀ-гӀала дӀабахара, ткъа Шаула шеца бисина болу нах багарбира. Уьш ялх бӀе стаг ца кхоччуш вара.
[16] Шаул шен кӀантаца ЯхӀунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаӀ-гӀалахь сецира, ткъа пӀелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара.
[17] Цигара пӀелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хӀаллакбан. Царах цхьа тоба ШуӀал-аренна уллохь йолчу Ӏапру боьдучу новкъахула дӀаяхара,
[18] ткъа важа тоба Байт-Хьороне боьдучу новкъа елира, ткъа кхоалгӀаниг яьссачу арехьа йолчу ЦебаӀим-аренан дозане боьдучу новкъахула дӀаяхара.
[19] Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хӀунда аьлча пӀелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна.
[20] Цундела массо а исраилхо пӀелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан.
[21] ПӀелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча.
[22] Цундела Шаулаций, ЯхӀунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кӀантехь ЯхӀунатехь бен дацара.
[23] ПӀелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дӀаяхара.