Skip to content
Opens in a new window

[1] Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»

[2] ЯхӀунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гӀуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гӀертийла цо сох хӀунда лечкъор дара? И хӀума хӀинца хила йиш йолуш дац!»

[3] Дауда, чӀагӀо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхӀунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, суний, Ӏожаллиний юккъехь цхьа гӀулч бен цахилар».

[4] ЯхӀунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».

[5] ТӀаккха Дауда ЯхӀунате элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Ӏан везаш ву. Амма ахьа со дӀавахийтахьара, кхоалгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара.

[6] Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана, цигахь шен гергарчара хӀора шарахь цкъа доккхуш долчу сагӀанехь дакъалаца“.

[7] Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“ алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгӀазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла.

[8] Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хӀума даьллехь, со хӀинццехь вей дӀаваккхахь! Хьайн дена тӀе стенна вуьгу ахь со?»

[9] ЯхӀунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»

[10] Дауда ЯхӀунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгӀазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогӀур ву?»

[11] ЯхӀунатас элира: «Вало, аренга воьду вайшиъ». И шиъ аравелира.

[12] ЯхӀунатас Дауде элира: «Исраилан халкъан Везачу Делах чӀагӀо йо ас хьуна! Кхана я кхана Ӏийча хӀоккху хенахь сайн да хьоьца муха ву хьожур ма ву со. Иза хьоьца гамо йоцуш велахь, аса хьо волчу и хабар дахьаш стаг воуьйтур ву.

[13] Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кӀелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а.

[14] Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь,

[15] айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагӀа хӀаллаквина хилахь а».

[16] ЯхӀунатас Даудан цӀенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагӀашна!»

[17] ЯхӀунатас, чӀагӀо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хӀунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара.

[18] ЯхӀунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву.

[19] Цундела кхозлагӀчу дийнахь хьо хьалха хиллачу метте дӀагӀо. Цигахь, Азал-тӀулг болчохь, охьа а хаий, собар де.

[20] Ткъа аса, цу агӀонга цхьана хӀуманна хьажийча санна, кхузза секхаӀад кхуссур ду хьуна.

[21] Цул тӀаьхьа аса сайн Ӏодан пхерчий схьалаха кӀант воуьйтур ву. Нагахь санна аса кӀанте алахь: „Пхерчий хьуна тӀехьа Ӏохку, схьаэца уьш“, – со волчу схьавола. Везачу Элах чӀагӀо йо ас, хьо маьрша хиларна а, хьуна цхьа а тайпана кхерам ца хиларна а.

[22] Амма аса кӀанте: „Пхерчий хьуна хьалха Ӏохку“, – алахь, хьо дӀагӀо. Везачу Эло хьуна дӀаваха пурба ло.

[23] Вайшиммо йина йолу чӀагӀонаш йиц ма е. Веза Эла царна даим а Теш ву!»

[24] Дауд аренгахь къайлавелира. Бутт цӀинлучу хенахь хӀоттош долу той дӀадоладелира. Паччахь хӀума яа охьахиира.

[25] Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дӀалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхӀуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра.

[26] Цу дийнахь Шаула хӀумма а ца элира, хӀунда аьлча цунна дагадеара: «Схьахетарехь, цхьа хӀума хиллачул тӀаьхьа, Дауд Далла хьалха цӀена воцуш нисвелла».

[27] Бутт цӀинлуш болчу денна лерина долу той дӀахьочу шолгӀачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТӀаккха Шаула ЯхӀунате хаьттира: «Юшайн кӀант селхана а, тахана а тойнехь хӀунда вац?»

[28] ЯхӀунатас Шауле жоп делира: «Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана.

[29] Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гӀалахь сагӀа доккхуш бу. Сан вашас соьга дӀакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи».

[30] Шаул шен кӀантана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо ЯхӀунате элира: «Хьо хьайн лартӀехь йоцучу ненах тера ву. Иза а шен лаамехь яра, хьо а иштта ву! Хьо Юшайн кӀантаца гергарло лелош вуйла суна ца хаьа моьтту хьуна? И гергарло хьуна а, хьан нанна а юьхьӀаьржонна хир долуш ду.

[31] Юшайн кӀант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хӀунда аьлча иза Ӏожаллех вер вац».

[32] ЯхӀунатас Шауле элира: «ХӀунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хӀун даьлла?»

[33] ТӀаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхӀунатина хиира, Шаула Дауд вен чӀагӀо йинийла.

[34] ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра.

[35] Иза, Ӏуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кӀант а вара.

[36] Цо кӀанте элира: «Вадий, ваха а гӀой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КӀант аренгахула ведда дӀавахара. Амма ЯхӀунатин секхаӀодан пхерчий, цу кӀантана тӀехула а дуьйлуш, дӀаоьхура.

[37] КӀант цо пхерчий охьаэгийначу метте дӀаведира. ЯхӀунатас цунна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Ӏуьллуш бу хьуна».

[38] Юха а кӀантана тӀаьхьа мохь беттара ЯхӀунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кӀант шен олахочунна тӀевеара.

[39] Цунна иза хӀун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхӀунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьӀна.

[40] Шен герз кӀанте дӀа а делла, ЯхӀунатас цуьнга элира: «Вало, гӀала дӀахьо иза».

[41] КӀант дӀавахара. Азал-тӀулгана къилбехьара йолчу агӀорхьара хьала а гӀаьттина, ЯхӀунатина хьалха гора а хӀоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьӀира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чӀогӀа воьлхура.

[42] ЯхӀунатас Дауде элира: «Марша гӀойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чӀагӀо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тӀаьхьенна а, сан тӀаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву».

[43] Хьала а гӀаьттина, Дауд дӀавахара, ткъа ЯхӀуната гӀала юхавирзира.

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters