Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».

[2] Амма Шамъала элира: «Со муха гӀур ву цига? Шаулна иза дӀахаахь, цо со вуьйр ву». Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагӀа даккха веана эр ду ахьа.

[3] Айхьа сагӀа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тӀаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хӀун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».

[4] Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»

[5] Цо жоп делира: «ВогӀу. Со Везачу Элан дуьхьа сагӀа даккха вогӀуш ву. Делан дуьхьа дӀа а къастий, соьца сагӀа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кӀентий а Далла хьалха дӀахӀоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагӀа доккхучу.

[6] Уьш сагӀа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дӀахӀоьттина лаьтташ волу хӀара хила мега Цо къобалвинарг!»

[7] Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».

[8] Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тӀевалийра. Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».

[9] ТӀаккха Юшайс Шама тӀевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».

[10] Иштта шен ворхӀе а кӀант Шамъална тӀевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло».

[11] ТӀаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кӀентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хӀинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хӀума яа охьаховшур дац».

[12] Юшайс кӀант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бӀаьрг а болуш, юьхь тӀера чӀогӀа товш кӀант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гӀаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза».

[13] Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маӀа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тӀе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тӀе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гӀаьттина, Раме дӀавахара.

[14] Везачу Элан Са Шаулах дӀакъаьстира. Цунна тӀе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора.

[15] Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо.

[16] Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».

[17] Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».

[18] Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гӀалара волчу Юшайн кӀант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чӀогӀа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».

[19] ТӀаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кӀант Дауд со волчу ваийта», – аьлла.

[20] Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тӀе бепиг а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кӀант Дауд а Шаул волчу дӀахьажийра.

[21] Дауд Шаул волчу дӀакхаьчча, иза цунна гӀуллакх дан волавелира. Дауд чӀогӀа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира.

[22] Юшайга хабар дахьийтира Шаула: «Дауд со волчохь гӀуллакх деш сецна, хӀунда аьлча цо деш долу гӀуллакх суна чӀогӀа тайна».

[23] Делера долу жин Шаулна тӀе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тӀаккха Шаулан са паргӀатдолура.

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters