[1] Кхиъна вогӀуш волу Шамъал Ӏелина уллохь Везачу Элана гӀуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хӀуттура.
[2] Цхьана буса Ӏела шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. ТӀаьхьарчу хенахь цуьнан бӀаьргаш телхина догӀуш дара, цундела цунна хӀумма а ца гора.
[3] Сатасале, богуш болу Делан къуьда дӀабаза болчу хенахь, Шамъал Везачу Элан дезачу четар чохь вижина Ӏуьллуш вара. Цу четар чохь лаьтташ Делан деза тӀорказ а дара.
[4] Веза Эла Шамъале кхайкхира. Цо жоп делира: «Кхузахь ву со!»
[5] Ведда Ӏела волчу а вахана, цо элира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» Амма Ӏелас элира: «Со хьоьга ца кхайкхира. Вало, дӀавижа». Шамъал, дӀа а вахана, дӀавижира.
[6] Веза Эла юха а цуьнга кхайкхира. Иза шолгӀа а, Ӏела волчу схьа а веана, вистхилира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» Амма вукхо элира: «Сан кӀант, со хьоьга ца кхайкхира. ДӀа а гӀой, дӀавижа».
[7] Шамъална цу хенахь Везачу Элан аз ца девзара, хӀунда аьлча Цуьнан дош Шамъална схьа ца делладеллера.
[8] КхозлагӀа а Веза Эла Шамъале кхайкхира. Иза юха а, хьала а гӀаьттина, Ӏела волчу а веана, вистхилла: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?» ТӀаккха Ӏелина хиира, кӀанте кхойкхуш Верг Веза Эла вуйла.
[9] Ӏелас Шамъале элира: «Юха а, дӀагӀой, дӀавижа. Нагахь санна хьайга юха а цхьаммо кхайкхахь, цуьнга ала: „Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву“». Шамъал, шен метте дӀа а вахана, дӀавижира.
[10] Веза Эла, схьа а веана, дӀа а хӀоьттина, хьалха санна кхайкхира: «Ва Шамъал!» Шамъала элира: «Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугӀуш ву!»
[11] Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хӀума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догӀур ду.
[12] Цу дийнахь Аса Ӏелин доьзална тӀехь Айса мел аьлларг кхочушдийр ду. Аса иза дӀа а долор ду, чекх а доккхур ду.
[13] Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цӀенна тӀехь массо а тӀейогӀучу ханна таӀзар дийр ду аьлла, хӀунда аьлча цо шен кӀенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хӀуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела.
[14] Аса чӀагӀо йо, цуьнан цӀенна тӀехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагӀанаша дӀадохур дац аьлла».
[15] Шамъал Ӏуьйре тӀекхаччалц вижина Ӏиллира. Ша хьалагӀаьттинчул тӀаьхьа, цо Везачу Элан четаран неӀ дӀайиллира. Иза ца хӀуттура Ӏелига шена буьйсанна хезнарг дӀадийца.
[16] Амма Ӏелас кхуьнга ша дӀакхайкхира: «Сан кӀант Шамъал!» Цо элира: «Со кхузахь ву».
[17] ТӀаккха Ӏелас элира: «Хьоьга хӀун элира? Хьайга аьллачух хӀумма а къайладаккха ма гӀерта. Дала хьуна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ахьа сох хӀумма а къайладаккхахь».
[18] Цхьа а хӀума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Ӏелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!»
[19] Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира.
[20] Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар.
[21] Шен дашехула Ша вовзуьйтуш, Шилунехь Шамъална дуьхьалвогӀура Веза Эла.