Skip to content
Opens in a new window

[1] Шен кӀанте ЯхӀунате а, шен гонах болчаьрга а Шаула дӀахьедира, Дауд вен веза аьлла. Амма Шаулан кӀантана ЯхӀунатина Дауд чӀогӀа дукхавезара.

[2] Цундела ЯхӀунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Ӏелахь.

[3] Ткъа со, сайн деца эрна ара а ваьлла, хьо волчохь дӀахӀуттур ву. Хьох лаьцна къамел дийр ду аса цуьнца, сайна хиънарг хьоьга дӀа а дуьйцур ду».

[4] Дика дешнаш элира ЯхӀунатас Шауле Даудах лаьцна. Цо бохура: «Хьайн лай волчу Даудаца хьарам ма хилахьа. Цо хьуна дуьхьал цхьа а вон хӀума ца дина, боккха пайда болуш дерг бен.

[5] ПӀелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кӀел а хӀоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гӀерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цӀий а Ӏанийна, зулам даккха?»

[6] ЯхӀунате ла а доьгӀна, Шаула чӀагӀо йира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, Дауд лийр вац аьлла».

[7] Дауде схьа а кхайкхина, ЯхӀунатас цуьнга шайн хилла долу къамел дӀадийцира, тӀаккха ЯхӀунатас Дауд Шаул волчу дӀавигира. Цул тӀаьхьа церан юкъаметтиг хьалха санна хилла дӀахӀоьттира.

[8] Юха а тӀом белира. Дауд, ара а ваьлла, пӀелаштамхошца тӀом бан волавелира. Дауда мостагӀчунна тӀехь боккха толам баьккхинчул тӀаьхьа, уьш цунах дӀауьдуш бара.

[9] Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цӀахь, гоьмукъ карахь а болуш, Ӏаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара.

[10] Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дӀатоха дагадеара. Амма Дауд шена тӀекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дӀаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кӀелхьарвелира.

[11] ТӀаккха Шаула Даудан цӀа шен тӀемалой бахийтира, цунна кӀело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кӀелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву».

[12] Михулас иза корах аравалийтира. Дауд ведда кӀелхьарвелира.

[13] Дауд вуьжучу метта Михулас цӀу виллира, цуьнан гӀовлангахь газанан цӀока а йиллина, тӀехула бедарш ехкира.

[14] Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира.

[15] Амма Шаула уьш юхабахийтира, иза муха ву хьажа. Цо цаьрга элира: «Шен меттаца иза со волчу схьавалаве соьга вейта».

[16] И нах Дауд дӀалаца чубаьхкича, царна гира меттахь Ӏуьллуш волу цӀу а, гӀовлангахь йиллина йолу газанан цӀока а.

[17] Шаула Михулига хаьттира: «Со хӀунда левина ахьа? Сан мостагӀа, дӀа а хецна, вадийтина-кх ахьа». Михулас Шауле элира: «Цо соьга, ша дӀа ца вахийтахь, со юьйр ю элира».

[18] Дауд иштта ведда кӀелхьарвелира. Цо, Шамъал волчу Раме схьа а веана, Шаула шена динарг дӀадийцира. ТӀаккха Дауд Шамъалца новкъа велира. И шиъ Наютахь сецира.

[19] Шауле хаам бира, Дауд Рама-гӀаларчу Нают олучу меттехь ву аьлла.

[20] Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тӀе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира.

[21] И хаам шена схьабеача, Шаула кхин болу нах бахийтира цига. Уьш а, шовкъ а еана, иштта Делера болу хаамаш беш дӀахӀиттира. ТӀаккха Шаула кхозлагӀа а нах бахийтира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера хаамаш бан буьйлабелира.

[22] ТӀаккха оьгӀазвахана волу Шаул ша Раме ваха новкъа велира. Иза Сехехь лаьттачу йоккхачу гӀунна тӀе кхечира. Цо хаьттира: «Шамъаллий, Дауддий мичахь ву?» Цунна жоп делира: «Эцца Рамерчу Наютахь ву».

[23] Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тӀе а Делан Са доьссира. Ша дӀавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан.

[24] Шовкъ а еана, шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дӀахӀоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тӀехь хӀума а йоцуш Ӏиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters