Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу заманчохь пӀелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тӀом бан. Ахаша Дауде элира: «ДӀахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гӀовтта безийла».

[2] Дауда Ахаше элира: «ХӀинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хӀун далур ду». Ахаша Дауде элира: «ТӀаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».

[3] Шамъал кхелхинера. Дерриг а Исраилан халкъ цунна тӀаьхьа доьлхуш хиллера. Иза ша ваьхна йолчу Рамехь дӀавоьллинера. Ткъа адамийн синош тӀедоьхуршший, пал туьйсуршший шен пачхьалкхера лаьхкина дӀабахийтинера Шаула.

[4] ПӀелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дӀахӀоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаӀ-ломахь схьагулбелла дӀахӀиттира.

[5] Шена пӀелаштамхойн эскар схьагича, Шаул воьхна хьаьвзира, цуьнан дага чу кхерам буьйжира.

[6] Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тӀулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара.

[7] ТӀаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тӀедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду». Ялхоша цуьнга жоп делира: «Ӏейндар-гӀалахь Ӏаш ю адамийн синош тӀедоьху зуда».

[8] Шена тӀера бедарш дӀа а яьхна, кхин бедарш тӀеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».

[9] Амма зудчо цуьнга жоп делира: «Хьуна хууш ма ду Шаула динарг. Цо пал тосуш берш а, адамийн синош тӀедоьхуш берш а махках ма баьхна. Хьо со ейта суна гур бугӀуш ву».

[10] Шаула, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьуна и хӀума бахьана долуш цхьа а тайпана зулам хир ма дац».

[11] ТӀаккха зудчо хаьттира: «Аса хьаьнга кхайкха хьуна?» Цо элира: «Шамъале кхайкха».

[12] Шена Шамъал гича, зудчун мохь белира. Цо Шауле элира: «Со стенна лейо ахьа? Хьо Шаул ма ву».

[13] ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Кхера ма ло. ХӀун го хьуна?» Зудчо элира: «Суна лаьттара хьаладолуш цхьа жин го».

[14] «Муха ду цуьнан сибат?» – хаьттира цуьнга Шаула. Цо элира: «Лаьттара хьалаволуш, тӀехь еха бедарш а йолуш, воккха стаг ву». ТӀаккха Шаулна хиира иза Шамъал вуйла. Шен юьхь лаьттах хьакха а йолуьйтуш, цо цунна корта туьйхира.

[15] Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хӀунда кхойкху хьо?» Шаула элира: «Суна чӀогӀа хала ду. ПӀелаштамхой суна дуьхьал гӀевттина тӀамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гӀенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».

[16] Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагӀа хилла дӀахӀоьттина хилча?

[17] Везачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дӀаделла.

[18] Везачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгӀира. Ӏамалекхахошна чӀогӀа оьгӀаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до.

[19] Везачу Эло пӀелаштамхошка Исраилан халкъана тӀехь толам боккхуьйтур бу. Кхана хьо а, хьан кӀентий а соьца хир бу. Исраилхойн эскар кхана пӀелаштамхойн карахь хир ду».

[20] ТӀаккха Шаул, цӀеххьана вахвелла, охьавуьйжира. Иза чӀогӀа кхеравелира Шамъала шега аьллачу дешнех. Цуьнгахь гӀора дацара, хӀунда аьлча цо цу дийнаххьий, бусий яа хӀума ца йиънера.

[21] И зуда Шаулна тӀееара. Цунна гира иза чӀогӀа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина.

[22] ХӀинца аса доьху хьоьга, ахьа а ладогӀахьара хьайн лай йолчо бохучуьнга. Аса хьуна цхьажимма хьокхам лур бу, иза баахьара ахьа. Новкъа ваьлча, хьоьгахь ницкъ хир бара».

[23] Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгӀира. Шаула элира: «Аса хӀума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хӀума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гӀаьттина, иза метта охьахиира.

[24] Цу зудчун цӀахь дустийна эса дара. Сихха иза ден а дийна, дама схьа а эцна, бод а хьакхийна, совсоза долу хьокхамаш дира цо.

[25] Шаулна а, цуьнан ялхошна а яа хӀума хӀоттийра цо. Шайна хӀума а кхаьллина, уьш цу буссехь, хьала а гӀевттина, дӀабахара.

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters