[1] Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегӀа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тӀе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тӀаьхьенна тӀехь куьйгалхо ван хьо къобалвина.
[2] Тахана хьо со волчуьра дӀавоьдуш, Бен-Яманан латтанашкарчу ЦӀелцӀахь олучу меттехь, Рахьалан кошана уллохь цхьа ши стаг гур ву хьуна. Цара хьоьга эр ду: „Ахь лоьхуш хилла йолу и виркхелаш схьакарийна. Хьан да, виркхелаш йиц а елла, чӀогӀа сагатдеш ву: ‘Сан кӀант цӀа верзаван аса хӀун дан деза техьа?’ – бохуш“.
[3] Цигара ваьлча, хьо кхочур ву Табур-гӀалара ножан дитт долчу. Цигахь хьуна гур ву Далла лерина сагӀа даккха Бетал-гӀала воьдуш волу кхо стаг. Царах цхьаьнгахь кхо буьхьиг хир ю, вукхуьнгахь кхо бепиг хир ду, кхозлагӀачуьнгахь чагӀар чохь долу пӀаьлдиг хир бу.
[4] Цара хьоьга маршалла хоттур ду, хьуна ши бепиг а лур ду. Ахьа уьш цаьргара схьаоьцур ду.
[5] Цул тӀаьхьа ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пӀелаштамхойн тоба хир ю гӀаролехь лаьтташ. Хьо гӀали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тӀера охьавогӀуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу.
[6] Хьуна тӀе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тӀаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТӀаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду.
[7] ХӀара билгалонаш хьайна тӀехь кхочушхиллачул тӀаьхьа хьайга далург де, хӀунда аьлча хьоьца Дела ву.
[8] Сол хьалха а валий, Галгала дӀагӀо. Со а дӀавогӀур ву цига, дийнаташ дагоран сагӀанаш а, барт баран сагӀанаш а дахархьама. ВорхӀ дийнахь соьга хьоьжуш Ӏе, тӀаккха аса эр ду хьоьга, хӀун дан деза».
[9] Шаула Шамъал волчуьра дӀаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира.
[10] Уьш ГебаӀ-гӀаларчу сагӀа доккхучу барза тӀе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тӀе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дӀахӀоьттира.
[11] Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хӀара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХӀун хилла Къушин кӀантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?»
[12] Царна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХӀетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?»
[13] Шовкъ еъначуьра ша юхавирзича, иза сагӀа доккхучу барза тӀе хьалавелира.
[14] Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?» Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо».
[15] Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хӀун элира шуьга Шамъала?»
[16] Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дӀа ца дийцира.
[17] Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицӀпе схьакхайкхира.
[18] Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кӀелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Ӏазапера кӀелхьара а даьхна“.
[19] Ткъа аша хӀинца шайн Дела дӀатесна, Цо шаьш массо а балех кӀелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тӀехь паччахь хӀоттаве“. ХӀинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дӀахӀитта».
[20] Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тӀе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо.
[21] ТӀаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тӀедуьйла элира цо. Царна юкъара МатӀарин гара хаьржира. ТӀаьххьара а Къушин кӀентан Шаулан цӀе яьккхира. Амма Шаул лаха хӀиттича, иза кара ца вора.
[22] ТӀаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогӀур вуй кхин цхьа а кхуза?» ТӀаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогӀур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хӀуманаш юккъехь лечкъина Ӏаш ву».
[23] Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хӀуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дӀахӀоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура.
[24] Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТӀаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!»
[25] Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хӀора шен-шен цӀа дӀабахийтира.
[26] Шаул а ГебаӀе шен цӀа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара.
[27] Ткъа вочу наха бохура: «Цуьнга дахалур ду вай кӀелхьара?» Уьш цунах баша а ца бешира, я цунна совгӀаташ а ца кховдийра. Цара и сурт хӀоттийнехь а, Шаула цу нахе хӀумма а ца элира.