[1] Шамъала ша къанвеллачу хенахь шен кӀентий Исраилан махкахь кхелахой бина дӀахӀиттийра.
[2] Воккхаха волчун цӀе Юал хилла, шолгӀачун цӀе Аби-ЯхӀу хилла. Уьш Беар-ШабаӀ цӀе йолчу гӀалахь кхелахой хилла.
[3] Амма Шамъалан кӀентий шайн дас дӀакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла.
[4] Массо а Исраилан къано схьа а гулвелла, уьш Шамъал волчу Раме баьхкира.
[5] Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кӀентий ахьа схьабеанчу некъа тӀера галбевлла. Ахьа тхуна тӀехь паччахь дӀахӀоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тӀехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тӀехь ма-дарра».
[6] Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дӀахӀоттаве алар. ТӀаккха иза Везачу Эле доӀа дан хӀоьттира.
[7] Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дӀатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тӀехь паччахьалла дойла.
[8] Аса уьш Мисар-махкара арабехира. Амма уьш, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна гӀуллакх дан хӀиттира. Иштта гӀиллакх хьоьца а хӀоттийна цара.
[9] Цаьрга ла а догӀий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дӀахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дӀа а дуьйцуш».
[10] Шамъала шена Везачу Эло делла долу жоп ма-дарра дӀахаийтира паччахь воьхуш ша волчу схьагулбеллачаьрга.
[11] Цо цаьрга элира: «ХӀара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кӀентий дӀа а бигина, цо уьш шена гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу шуна. Цо уьш шен гӀудалкхашна тӀехь эскаран гӀуллакх дан дӀахӀиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гӀудалкхана хьалха уьдуш лелар бу.
[12] Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тӀехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тӀехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дӀахӀиттор бу, вуьш эскархойн гӀирс кечбеш, гӀудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу.
[13] Паччахьо шун зудабераш дӀадуьгур ду, шена хаза хьожа йогӀу хьакхарш деш, яа хӀума кечъеш, бепиг доттуш гӀуллакх дайта.
[14] Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дӀа а яьхна, шен гонах болчарна дӀайоькъур ю.
[15] УьтталгӀа дакъа дӀадийначу лаьтта тӀера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дӀа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дӀалур ду.
[16] Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах а, варраш а – дерриге а паччахьо дӀадуьгур ду шена гӀуллакх дайта.
[17] Кегийрачу бежанех уьтталгӀа дакъа, дӀа а даьккхина, дӀадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду.
[18] Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кӀелара дӀадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доӀанна жоп лур дац».
[19] Амма наха Шамъале ла ца дуьйгӀира. Цара бохура: «ХӀан-хӀа! Тхуна тхайна тӀехь куьйгалла дан паччахь веза.
[20] ТӀаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тӀехь куьйгалла дийр ду, тӀемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву».
[21] Шамъала, гулбеллачара дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, Везачу Эле иза дӀадийцира.
[22] Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогӀа деза! ДӀахӀоттаве царна тӀехь паччахь». ТӀаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хӀинца шайн-шайн гӀала дӀагӀо».