Skip to content
Opens in a new window

[1] ПӀелаштамхоша шайн эскар тӀамана схьагулдира. Цара, ЯхӀуд-махкарчу Соха-гӀалахь схьа а гулбелла, Соханий, Ӏазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дӀахӀоттийра.

[2] Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогӀи чохь шен меттамотт дӀа а хӀоттийна, пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан кечвелира.

[3] ПӀелаштамхой цхьана агӀор лаьтташ болчу лам тӀе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тӀе бевлира. Царна юккъехь тогӀи яра.

[4] Ша Гати-гӀалара а волуш, ГӀолиат цӀе йолу, бӀаьхо волу цхьа стаг пӀелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара.

[5] Цуьнан коьртахь цӀестах дина долу гӀем дара, тӀедуьйхина цӀестан пелагех дина гӀагӀ дара. Цу гӀаьгӀнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цӀаста хиллал дара.

[6] Цуьнан когаш тӀехь цӀестан гола тӀеюхкурш яра, букъ тӀехь цӀестан горга тур а дара.

[7] Цуьнан гоьмукъан гӀаж, кӀадидархочун гӀирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бӀе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хӀоьттина вогӀуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара.

[8] ГӀолиат, исраилхойн тӀемалошна хьалха дӀа а хӀоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТӀом бан стенна кечделла шу? Со пӀелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа.

[9] Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пӀелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гӀуллакх а деш».

[10] ПӀелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тӀе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!»

[11] ПӀелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Ӏадийнера.

[12] ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара волчу эпратхочун Юшайн кӀант вара Дауд. Юшайн бархӀ кӀант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чӀогӀа хан яьлла стаг вара.

[13] Юшайн воккхаха волу кхо кӀант Шаулца тӀаме вахнера. Цуьнан тӀаме ваханчу кхаа кӀентан цӀераш яра: уггаре воккхачун – Элиаб, шолгӀачун – Абинадаб, кхозлагӀчун – Шама.

[14] Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кӀант Шаулца волчу хенахь,

[15] Дауд Шаул волчу дӀа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гӀалахь волчу шен ден уьстагӀий дажо.

[16] Шовзткъа дийнахь пӀелаштамхо, Ӏуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дӀахӀуттура.

[17] ТӀаккха Юшайс шен кӀанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дӀагӀо.

[18] ХӀара итт нехча тӀеман коьртачу хьаькаме дӀало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я.

[19] Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогӀи чохь пӀелаштамхошца тӀом беш бу».

[20] Дауд, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен уьстагӀий хехочуьнга дӀа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тӀе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дӀавахара. ХӀара дӀакхаьчначу хенахь эскархой тӀом бечу могӀаршкахь дӀахӀиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тӀамана кечлуш бара уьш.

[21] Исраилхоша а, пӀелаштамхоша а шайн тӀемалойн могӀанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера.

[22] Дауда, шегахь болу мохь тӀеман гӀирс ларбеш волчу хехочуьнга дӀа а белла, ведда эскархойн могӀанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хӀун хьал ду хаьттира.

[23] Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гӀалара ГӀолиат цӀе йолу пӀелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могӀанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира.

[24] Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура.

[25] Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоӀ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тӀедиллина долчу хӀуманах мукъа а боккхур бара».

[26] ТӀаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХӀун кхаъ хир бу, и пӀелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тӀера юьхьӀаьржо дӀаяьккхинчунна? Мила ву хӀара дин доцу, сунтваза волу пӀелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»

[27] Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дӀахаийтира.

[28] Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чӀогӀа оьгӀаз а вахана, цо элира: «Хьо хӀунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагӀий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тӀамах бӀаьрг тоха веана кхуза?»

[29] Дауда элира: «Соьгара хӀун даьлла, нахаца къамел дарал сов?»

[30] Шена уллохь болчу нахе дӀа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.

[31] Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дӀадийцира. Цо Дауд шена тӀекхайкхира.

[32] ТӀаккха Дауда Шауле элира: «И пӀелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гӀайгӀане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».

[33] Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пӀелаштамхочуьнца, хӀунда аьлча хьо хӀинца а жима ву, ткъа иза кога ирахӀоьттинчу хенахь дуьйна тӀеман гӀуллакх девзаш хилла ву».

[34] Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагӀий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагӀ дӀабаьхьча,

[35] царна тӀаьхьа а воьдий, тӀекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тӀекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра.

[36] Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пӀелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу».

[37] Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кӀелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пӀелаштамхочун куьйга кӀелара а воккхур ву». ТӀаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гӀо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла».

[38] Даудана шен бедарш тӀеюьйхира Шаула, коьрта цӀестан гӀем а тиллира, цунна тӀе гӀагӀ а дуьйхира.

[39] Бедарш тӀехула тур гӀода юккъе а дихкина, Дауд дӀасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Ӏемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хӀара духар а доьхна, лела Ӏемина вац». Цо и хӀуманаш шена тӀера дӀаехира.

[40] Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тӀулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тӀоьрмаг чу а дехкина, и тӀоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пӀелаштамхочунна дуьхьалвахара.

[41] ПӀелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогӀуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш.

[42] ПӀелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хӀунда аьлча хӀара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тӀера хаза а вара.

[43] Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гӀожаца ма ваьлла. Со жӀаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пӀелаштамхочо шен деланашкара неӀалт кхайкхира Даудана.

[44] Цо Дауде элира: «ТӀевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дӀалур ду».

[45] Дауда пӀелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогӀуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах араваьлла.

[46] Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пӀелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дӀалур ду. Дерриг а дуьненна дӀахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла.

[47] Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дӀахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кӀелхьара, хӀунда аьлча тӀом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».

[48] ПӀелаштамхо шена тӀеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира.

[49] Шен тӀоьрмаг чу куьг а дахийтина, тӀулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пӀелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тӀулг цунна нийсса хьажа юккъе богӀабелира, ткъа пӀелаштамхо бертал охьавуьйжира.

[50] Иштта тӀулгаций, ширдолагций пӀелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра.

[51] ТӀаккха Дауда, ведда тӀе а вахана, цунна тӀе ког а баьккхина, пӀелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира. ПӀелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дӀабахара.

[52] Исраил-махкара а, ЯхӀуд-махкара а халкъ маьхьаршца пӀелаштамхошна тӀаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогӀи чу вуллучу дӀабигира, цигара дӀа – Ӏекхран-гӀали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пӀелаштамхой ШаӀрайм-гӀалина тӀе боьдучу новкъа тӀе охьаоьгура Гати-гӀалина а, Ӏекхран-гӀалина а тӀекхаччалц.

[53] Шаьш пӀелаштамхошна тӀаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дӀасабоькъура исраилхоша.

[54] ТӀаьхьо, пӀелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дӀабаьхьира, ткъа цуьнан тӀеман гӀирс цо шен четар чохь охьабиллира.

[55] ПӀелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кӀант ву?» Абунара элира: «Дийна волчу сайх чӀагӀо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».

[56] Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кӀант ву и жима стаг».

[57] Дауд, пӀелаштамхо эша а вина, юхавогӀучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПӀелаштамхочун корта цуьнан карахь бара.

[58] Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кӀант ву?» – аьлла. Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гӀалара хьан лай волчу Юшайн кӀант ву».

Шамъал а, Шаул-паччахь а — Chapters