[1] ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама.
[2] ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц гӀала го бина лаьттира.
[3] Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра.
[4] МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара.
[5] ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира.
[6] ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира.
[7] ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.
[8] Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара.
[9] Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра.
[10] Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра.
[11] Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира.
[12] Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.
[13] Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира.
[14] Цара иштта дӀадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а.
[15] Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо, царна чуйогӀура богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудутту боганаш а.
[16] Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора.
[17] Цхьана бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол яра. Цу бӀогӀам тӀехь цӀестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а.
[18] Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира.
[19] ГӀалахь хӀетталц а бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам волу ваьӀна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а.
[20] Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира.
[21] Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхӀудхой шайн махкара йийсаре дӀабигира.
[22] Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь дитинчу халкъана тӀехь куьйгалхо вина дӀахӀоттийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу.
[23] ТӀеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо дӀахӀоттийна аьлла. ТӀаккха уьш МицӀпа-гӀала бахара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Уьш бара: Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, натӀупатхо волчу Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, церан нах а.
[24] Гадал-ЯхӀус, царна а, церан нахана а хьалха, чӀагӀо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду».
[25] Амма шеран ворхӀалгӀачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цӀийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал веара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Цара Гадал-ЯхӀуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхӀуца цхьаьна МицӀпа-гӀалахь болу яхӀудхой а, хашадхой а байира ИсмаьӀала.
[26] Иза бахьанехь дерриг а халкъ – кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц – тӀеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дӀадедира, шаьш хашадхойх кхерарна.
[27] ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь.
[28] Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира.
[29] ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо.
[30] ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора.