Skip to content
Opens in a new window

[1] Арам-мехкан паччахьан тӀемалойн хьаькам вара НаӀаман. Иза ладаме а, ларам болуш а стаг вара шен паччахьна хьалха, хӀунда аьлча арамхошка толам цуьнгахула баккхийтинера Везачу Эло. НаӀаман ша дика тӀемало вара, амма дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар яра цуьнан дегӀаца.

[2] Арамхой шайн тобанашца исраилхошна тӀелеттера. Цкъа иштта уьш цига бахана болуш, цара Исраил-махкара цхьа жима йоӀ йийсаре ялийнера. Иза НаӀаманан зудчунна хьалхара гӀуллакхаш деш яра.

[3] Оцу йоӀа НаӀаманан зудчуьнга элира: «Нагахь сан олахо НаӀаман Шамран-гӀалахь Ӏаш волчу пайхамарна тӀекхачахьара, цо цамгарх товийр вара иза».

[4] НаӀамана шен паччахье дӀадийцира исраилхойн йоӀа шега аьлларг.

[5] «Хьо хӀинцца дӀавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» – элира паччахьо. НаӀамана, дӀа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тӀеюха итт бедар а схьаийцира шеца.

[6] Цо кехат дӀаделира исраилхойн паччахье. Цу кехат тӀехь яздина дара: «ХӀокху кехатца аса сайн ялхо волу НаӀаман воуьйту, цунна тӀера чкъуран цамгар хьоьга дӀаяккхийтархьама».

[7] Исраилхойн паччахьо, кехат дӀа а дешна, шена тӀера бедар а этӀийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тӀе хӀунда ваийтина цо дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХӀинца хаа ду шуна, иза суна тӀамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла».

[8] Делан стагана ЭлишаӀана дӀахезира, исраилхойн паччахьо шена тӀера бедар этӀийна аьлла. ТӀаккха цо паччахьна тӀе ялхо вахийтира, ахьа хьайна тӀера бедар стенна этӀийна аьлла. «И стаг суна тӀеваийта, Исраил-махкахь пайхамар вуйла хаийтархьама» – элира ЭлишаӀа.

[9] ТӀаккха НаӀаман, дой а далош, шен гӀудалкха тӀехь схьакхечира. Иза ЭлишаӀан цӀийнан кевнехь сецира.

[10] ЭлишаӀа шен ялхо вахийтира цуьнга дӀаала: «Ваха а гӀой, Йордан-хи чохь ворхӀазза лийча, тӀаккха хьан дегӀ, карла а даьлла, цӀанлур ду».

[11] НаӀаман, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, дӀавахара. Цо элира: «Суна-м моьттура, ЭлишаӀа, суна дуьхьал а хӀоьттина, шен Везачу Деле а кхойкхуш, сан дегӀах куьг а хьаькхна, цамгар дӀайоккхур ю.

[12] Дамасакхера Амана а, Парпар а цӀе йолу хиш хӀумма а оьшуш дац-кх массо а Исраил-махкарчу хил? Оцу хиш чу ваьлчхьана, цӀанлур вацара со?» Иза а аьлла, оьгӀаз а вахана, юха а вирзина, дӀавахара НаӀаман.

[13] Цуьнан ялхоша, тӀе а бахана, элира цуьнга: «Тхан эла, нагахь санна пайхамар цхьа доккха хӀума хьоьга ала воллуш хиллехь, ахьа ладугӀур дацара цуьнга? Цо хьоьга де аьлларг-м оццул хала хӀума а дац: „Хи чохь лийча, тӀаккха цӀанлур ву хьо“, – алар бен».

[14] ТӀаккха НаӀаман, хин тогӀи чу охьа а воьссина, ворхӀазза Йордан-хи чу велира, Делан стага шега ма-аллара. Цуьнан дегӀ, жимачу беран санна, карла а даьлла, цӀанделира.

[15] НаӀаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаӀ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «ХӀинца хиъна суна хӀокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДӀаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хӀара совгӀат».

[16] Пайхамара элира: «Шена айса гӀуллакх дечу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса иза схьаоьцург ца хиларх». НаӀамана мел дехарш дарх а, ЭлишаӀ реза ца хилира совгӀат дӀаэца.

[17] ТӀаккха НаӀамана элира: «Иза иштта делахь, ахьа хьайн лай волчу суна шина вирбӀарзане дахьалур долччул исраилхойн латта лохьа, хӀунда аьлча аса кхин цкъа а доккхур дац дагоран сагӀа а, сагӀина хӀума а яхьар яц цхьанна а кхечу деланашна, Веза Эла воцчунна.

[18] Ткъа хьан лай волчу аса Везачу Эле доьху, сан цхьана гӀуллакхна гечдехьа: нагахь сан олахо волчу арамхойн паччахьо Римун-гӀалахь цӀу-далла Ӏибадат деш, иза суна тӀетовжахь, со цуьнца цхьаьна суждане ваха везар ву. Эццахь со суждане вахарна, суна гечдойла Везачу Эло».

[19] Делан стага элира: «Маьрша гӀойла хьо». НаӀаман дӀаволавелира. Иза ЭлишаӀан цӀенна жимма дехьаваьлча,

[20] Делан стеган ЭлишаӀан ялхочо ГӀайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаӀаманера цо деана совгӀат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, цунна тӀаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хӀума схьаоьцург хиларх».

[21] ГӀайхьази НаӀаманна тӀаьхьаведира. Шена тӀаьхьа ведда вогӀург а гина, НаӀаман, гӀудалкх тӀера охьа а воьссина, вогӀучунна дуьхьалвахара. «ХӀумма-м ца хилла?» – хаьттира цо ГӀайхьазига.

[22] «ХӀумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хӀара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хӀинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тӀеюха ши бедар а яийтахьа“».

[23] НаӀамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТӀаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тӀоьрмаг чу а йиллина, иза дӀабихкира НаӀамана. Шен ялхойх шиъ, ГӀайхьазина хьалха а ваьккхина, и тӀоьрмагаш цаьрга дӀабахьийтира цо.

[24] Уьш гунна тӀебевлча, церан карара тӀоьрмагаш схьаийцира ГӀайхьазис. И хӀуманаш цӀа чохь дӀалачкъийра цо, ткъа ши ялхо дӀавахийтира.

[25] ГӀайхьази, чу а веана, ЭлишаӀана хьалха дӀахӀоьттира. ЭлишаӀа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГӀайхьази?» «Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГӀайхьазис.

[26] «И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гӀудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогӀуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагӀий, хьелий, леш я гӀарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хӀара!

[27] ХӀинца дуьйна НаӀаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тӀаьхьенна а тӀехь хир ю массо а ханна». Оцу чкъуран цамгаро ло санна кӀайвина, аравелира ГӀайхьази ЭлишаӀ волчуьра.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters