[1] Шена и хабар ма-хеззи, шен тӀехулара бедарш а этӀийна, сингаттаман духар тӀе а дуьйхина, Везачу Элан цӀа долчу вахара Хьузакх-ЯхӀу.
[2] Паччахьан цӀийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тӀе а духийтина, Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарна тӀебахийтира цо.
[3] Цара элира ЕшаӀ-ЯхӀуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхӀус: „Сингаттаман а, таӀзар даран а, эхь тӀедаран а де ду хӀара, хӀунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай.
[4] Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дӀахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таӀзар дан тарло, Шена дӀахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доӀа дехьа“».
[5] Хьузакх-ЯхӀу-паччахьан ялхой шена тӀе баьхкича,
[6] ЕшаӀ-ЯхӀус цаьрга элира: «ДӀаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера.
[7] Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тӀаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хӀаллаквийр ву иза“».
[8] Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра.
[9] ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе,
[10] цуьнга дӀаала: «Хьан Шех дегайовхо йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“, – аьлча.
[11] Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа?
[12] Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара?
[13] Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»
[14] Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо.
[15] Везачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а.
[16] Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга.
[17] Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна,
[18] церан цӀу-деланаш цӀерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора.
[19] Ткъа хӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».
[20] Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахьа Соьга ашурхойн паччахьна дуьхьал дина доӀа хезна Суна.
[21] ХӀара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг, Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.
[22] Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх!
[23] Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со.
[24] Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш, царна чуьра хи мийлина аса. Сайн когийн айрашца Мисар-махкара дерриг а хиш лакъийна аса›.
[25] Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хӀинца иза Аса кхочушдина, чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.
[26] Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла, кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана. Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш. Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш, кхиале берриг а марца а мерцина, малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.
[27] Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а, араваьлча а, чуваьлча а. Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.
[28] Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Хьо схьавеанчу новкъахула юха а верзор ву Аса’“.
[29] ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа.
[30] ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу.
[31] ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагӀ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду.
[32] Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо.
[33] Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, – боху Ас, Везачу Эло. –
[34] Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“».
[35] Цу буьйсанна хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира.
[36] Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира.
[37] Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.