[1] Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаӀе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХӀинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кӀант дӀавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь».
[2] ЭлишаӀа цуьнга, жоп луш, элира: «Аса хӀун гӀо дийр дара те хьуна? Хьан цӀахь хӀун ю дийцахьа соьга». Зудчо элира: «Сан цӀахь хӀумма а яц-кх, зайтдаьтта чохь долу цхьа жима кхаба йоцург».
[3] ЭлишаӀа элира: «Яло, ара а ялий, массо а хьайн лулахошкара яьсса кхабанаш а ехий, уьш дуккха а схьагулъе.
[4] Цул тӀаьхьа, хьайн цӀа чу а гӀой, хьайна а, хьайн шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀагӀа. ТӀаккха хьайн зайтдаьтта оцу массо а кхабанаш чу дотта, юз-юьзнарг юьстах а йоккхуш».
[5] И зуда ЭлишаӀ волчуьра дӀаяхара. ЦӀа а еана, шена а, шен шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира цо. Шина кӀанта яьсса кхабанаш нанна тӀейохьура, ткъа цо уьш зайтдаьттанах хьалаюзура.
[6] Массо а кхабанаш хьалаюьзча, нанас шен кӀанте дехар дира: «Схьакховдаехьа соьга кхин а цхьа кхаба». КӀанта цуьнга жоп делира: «Кхин яьсса кхабанаш яц», – аьлла. ТӀаккха даьтта догӀучуьра сецира.
[7] И зуда Делан стаг волчу еара. Цо дерриг а дӀадийцира цуьнга. ЭлишаӀа цуьнга элира: «Яло, и зайтдаьтта дӀа а дохкий, хьайн декхарш дӀало. Ткъа дисначу ахчанах хьо хьайн берашца ехар ю».
[8] Цхьана дийнахь ЭлишаӀ Шунам-гӀала веара. Цигахь ехаш цхьа хьалдолу зуда яра. Оцу зудчо ЭлишаӀе дехар дира, ша йолчохь хӀума яахьара аьлла. Иштта оцу меттехула чекх мосазза волу а, цигахь хӀума а юуш, соцура ЭлишаӀ.
[9] Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цӀенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла.
[10] Вайн нийсачу тхов тӀехула, цхьа гӀат тӀе а дай, жимо цхьа чоь тое вай, цу чу оцу стагана дӀавижа мотт а, стол а, гӀант а, къуьда а билла вай? ТӀаккха, иза вайга веача, цу чохь Ӏан йиш хир яра цуьнан».
[11] Цхьана дийнахь ЭлишаӀ цига веара. Иза, хьала тӀе а ваьлла, оцу цӀа чохь садаӀа охьавижира.
[12] ЭлишаӀа шен ялхо волчу ГӀайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира.
[13] Шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гӀайгӀа ярна, оха хӀун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хӀумма а дӀаала лаьий те хьуна?“». Амма цу зудчо жоп делира: «ХӀан-хӀа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю».
[14] ТӀаккха ЭлишаӀа шен ялхочуьнга хаьттира: «ХӀун дика дийр дара те оцу зудчунна?» – аьлла. ГӀайхьазис жоп делира: «Суна цуьнан кӀант воцийла хаьа, ткъа цуьнан майра воккха стаг ву».
[15] «Схьакхайкхахьа цуьнга», – элира ЭлишаӀа. Ялхочо зудчуьнга схьакхайкхира. Иза неӀаре дӀахӀоьттира.
[16] ЭлишаӀа элира цуьнга: «Цхьа шо дӀадаьлча, хӀоккху хенахь, хьан карахь кӀант хир ву!» Ткъа оцу зудчо дуьхьал элира: «ХӀан-хӀа, сан эла! Ма Ӏехаехьа хьайн ялхо йолу со, ва Делан стаг!»
[17] Амма и зуда берах хилира. ТӀедеанчу шеран ЭлишаӀа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кӀант хилира.
[18] КӀант хьалакхиира. Цхьана дийнахь кха тӀехь ялта хьокхучаьрца цхьаьна волчу шен дена тӀевахара иза.
[19] ЦӀеххьана: «Сан корта лозу! Сан корта лозу!» – элира кӀанта. «Шен нанна тӀе дӀавигал иза», – элира дас ялхочуьнга.
[20] Ялхочо и кӀант, дӀа а вигна, шен нене дӀавелира. Делккъалц шен ненан карахь а Ӏиллина, кӀант велира.
[21] Нанас, хьала а яьлла, Делан стеган метта тӀе охьавиллира шен кӀант. НеӀ тӀе а чӀагӀйина, иза цу чуьра араелира.
[22] ТӀаккха шен майра схьа а кхайкхина, цо цуьнга элира: «Доьху аса хьоьга, цхьа ялхо а, вир а схьаялаяйтахьа. Со, сихха Делан стагана тӀе а кхаьчна, юхайоьрзур яра».
[23] Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хӀун до тахана Делан стагана тӀеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!» «Дерриг а дика ду», – аьлла, жоп делира зудчо.
[24] ТӀаккха, вир дӀа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дӀа а озош, дӀаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь».
[25] И зуда Кармал-лома тӀехь волчу Делан стагана тӀеяхара. Делан стагана геннара гира шена тӀейогӀу шунамхо. Цо шен ялхочуьнга ГӀайхьазига элира: «Хьажахьа, и йогӀург шунамхо ю-кх!
[26] Вало, цунна дуьхьал а гӀой, хатта цуьнга: „ХӀун хилла, могуш юй иза? Хьан хӀусамда а, кӀант а могуш вуй?“» ГӀайхьази цунна тӀекхаьчча, зудчо элира: «Дерриг а дика ду».
[27] Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тӀе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГӀайхьази иза дӀаяккха дагахь тӀеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Ӏадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох».
[28] «Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кӀант? Со Ӏеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» – бохура шунамхочо.
[29] ЭлишаӀа ГӀайхьазига иштта элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, сан Ӏаса схьа а эций, дӀаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дӀакхаьчча, хӀара Ӏаса оцу кӀентан юьхь тӀе йилла».
[30] Амма кӀентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, хьо воцуш со дӀагӀург ца хиларх!» ТӀаккха ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьххье дӀавахара.
[31] ГӀайхьази кху шиннал хьалха дӀакхечира. Цо и Ӏаса кӀентан юьхь тӀе охьайиллира, амма кӀант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТӀаккха ГӀайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаӀана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», – элира цо.
[32] ЭлишаӀ цӀа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Ӏуьллуш велла кӀант вара.
[33] ЭлишаӀа неӀ тӀечӀегӀира. Ишиъ цхьаьна висича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира.
[34] ТӀаккха, кӀантана тӀе а вахана, цунна тӀехула дӀаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаӀ. Цо шен бат кӀентан бетана тӀе, шен бӀаьргаш цуьнан бӀаьргаш тӀе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тӀе ехкира. КӀентан дегӀ дохделира.
[35] ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, дӀа а, схьа а волавелира. Цул тӀаьхьа, юха а кӀантана улло а вахана, цунна тӀехь дӀасаваьржира ЭлишаӀ. ТӀаккха кӀанта, ворхӀазза хьоршам а тоьхна, шен бӀаьргаш дӀабиллира.
[36] ГӀайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаӀа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГӀайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаӀа: «Схьаэца хьайн кӀант», – элира цуьнга.
[37] Зуда, ЭлишаӀана тӀе а яхана, цуьнан когашка а йоьжна, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира цунна. ТӀаккха, шен кӀант схьа а эцна, чуьра араелира иза.
[38] Махкахь мацалла хӀоьттича, ЭлишаӀ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Боккха яй тӀе а биллий, яа хӀума кечъе пайхамарийн тобанна».
[39] Царах цхьаъ хасстоьмаш даха кха тӀе вахара. Цунна акха кемсийн таьлланг санна йолу цхьа орамат карийра, амма иза кхин тайпа акха орамат яра. Орамат тӀера цхьадолу стоьмаш а гулдина, царах шен бедаран юх юьзира пайхамаро. Цо, юха а вирзина, уьш, хеда а дина, чорпи чу тесира, шена уьш хӀун стоьмаш ду ца хуъушехь.
[40] Пайхамарийн тобанна чорпа йоьттира. Уьш и яа буьйла-ма-белли, массара а маьхьарий хьаькхира: «Делан стаг, кху ена чохь Ӏожалла тӀейоуьйту хӀума ю!» – аьлла. Цаьрга чорпа ца яаелира.
[41] ЭлишаӀа элира: «Дама схьадал». Цо иза ена чу тесира. ТӀаккха цо элира: «ХӀинца чорпа дӀаяийта нахе». Иштта цхьа а зе ца дира нахана цара йиинчу хӀумано.
[42] ЭлишаӀана тӀе БаӀал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тӀоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кӀен кенаш а дара. «Уьш нахана дӀа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаӀа.
[43] Цуьнан ялхочо элира: «БӀе стагана муха лур ю аса хӀара?» Амма ЭлишаӀа жоп делира: «ДӀало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“».
[44] ТӀаккха ялхочо и юург пайхамарийн тобанна хьалха охьайиллира. Уьш, Везачу Эло ма-аллара, шаьш юучух буза а буьзира, церан кхин а йиса а йисира.