Skip to content
Opens in a new window

[1] Адамах схьабевлла: ШатӀа, Энош,

[2] Къаим, Махьаллал, Ярад,

[3] ХӀанох, Матушалахь, ЛемакӀ,

[4] Нохьа. Ткъа Нохьин кӀентий бара: Шима, Хьама, Япат.

[5] Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.

[6] Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат, ТогӀарма.

[7] Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.

[8] Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.

[9] Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан.

[10] Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара.

[11] Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой,

[12] патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой.

[13] КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета.

[14] Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой,

[15] хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой,

[16] арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.

[17] Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах.

[18] Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.

[19] Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.

[20] Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь,

[21] ХӀайдарам, Узал, Дикхалла,

[22] Ӏейбал, Абумаил, Шеба,

[23] Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.

[24] Ткъа Шимин кӀентий хилла: Арпахшад, Селахь,

[25] Ӏебар, ПалагӀ, Рахьу,

[26] СерагӀ, Нахьир, ТӀахьир,

[27] Ибрам, цуьнан кхин цӀе ИбрахӀим ю.

[28] ИбрахӀиман кӀентий бара: Исхьакх а, ИсмаьӀал а.

[29] Церан тӀаьхье иштта яра: ИсмаьӀалан дуьххьарлера кӀант вара Набуяти, цул тӀаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам,

[30] МишмаӀ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма,

[31] Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьӀалан кӀентий.

[32] ИбрахӀиман гӀарбаш-зудчо Къитурата бина кӀентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кӀентий бара: Шеба, Даддан.

[33] Маданин кӀентий бара: Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа. Уьш берриш а Къитуратан кӀентий бара.

[34] ИбрахӀиман кӀант волчу Исхьакхан кӀентий бара: Ӏесав, Исраил.

[35] Ӏесаван кӀентий бара: Элипаз, РаӀал, ЕӀуш, ЯӀлам, Кхорахь.

[36] Элипазан кӀентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаӀа цунна Ӏамалекх винера.

[37] РаӀалан кӀентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.

[38] СеӀиран кӀентий бара: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, Дишон, Эцар, Дишан.

[39] Лутанин кӀентий бара: Хьори, ХӀейма. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.

[40] Шубалин кӀентий бара: Ӏалиян, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам. ЦӀибӀонан кӀентий бара: АяхӀу, Ӏана.

[41] Ӏанин кӀант вара: Дишон. Дишонан кӀентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.

[42] Эцаран кӀентий бара: БилхӀан, ЗаӀван, ЯӀакхан. Дишанан кӀентий бара: ӀуцӀа, Арани.

[43] Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера: БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.

[44] БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.

[45] Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.

[46] Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.

[47] ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.

[48] Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.

[49] Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.

[50] БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.

[51] ХӀадад а велла. Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,

[52] АхӀлибам, Эла, Пинан,

[53] Кхеназ, Теман, Мубацар,

[54] Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters