[1] Ша веллачуьра денвина хиллачу кӀентан нене ЭлишаӀ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гӀаттий, хьо а, хьан цӀеранаш а цхьанхьа шайн Ӏен таро йолчу метте дӀагӀо, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхӀ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла».
[2] Оцу зудчо Делан стага шега аьлларг динера. Цо а, цуьнан цӀерачара а, дӀа а бахана, пӀелаштамхойн махкахь ворхӀ шо даьккхинера.
[3] ВорхӀ шо чекхдаьлча, и зуда юхайирзира пӀелаштамхойн махкара. Цо, паччахь волчу а яхана, шен цӀа а, шен аре а шена схьаялар дийхира.
[4] Ткъа паччахь цу хенахь Делан стеган ялхочуьнца ГӀайхьазица къамел деш вара. Цо бохура: «Дийцахьа соьга ЭлишаӀа мел динчу тамашийначу гӀуллакхех лаьцна».
[5] ЭлишаӀа веллачуьра кӀант денварх лаьцна ГӀайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кӀентан нана, паччахье шен цӀа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГӀайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хӀара шиъ ду-кх ЭлишаӀа денвина кӀант а, цуьнан нана а».
[6] Паччахьо оцу зудчуьнга хеттарш дира, ткъа зудчо дерриг а дӀадийцира. ТӀаккха паччахьо шен кертахь гӀуллакх деш болчех цхьаъ вахийтира цуьнца. Паччахьо элира: «Оцу зудчунна цуьнан долахь хилларг дерриг а юхадерзаде. Иза цӀера яьлла хиллачу хенахь дуьйна таханлерчу денна тӀекхаччалц, цуьнан кха тӀера баьллачу пайданах цунна доггӀург дӀа а ло».
[7] Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаӀ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гӀала веана аьлла хаам паччахьна тӀе кхаьчча,
[8] паччахьо Хьазиале элира: «СовгӀат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гӀо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ – аьлла».
[9] Шовзткъа эмкална Дамасакх-гӀалара уггар тоьлла долу совгӀаташ тӀе а дехкина, Хьазиал ЭлишаӀана тӀевеара. Цунна хьалха дӀа а хӀоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кӀанта Бен-Хьадида, хьуна тӀеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан».
[10] ЭлишаӀа цуьнга жоп делира: «ДӀа а гӀой: „Хьо толур ву“, – ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дӀадиллина суна», – элира ЭлишаӀа.
[11] ЭлишаӀ Хьазиале леррина дӀахьоьжура, иза воххалц. ТӀаккха Делан стаг вилхира.
[12] Хьазиала хаьттира: «Хьо хӀунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хӀун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гӀепаш ягор ю, кӀентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаӀа.
[13] Хьазиала элира: «Хьан лай волу со, жӀаьла, мила вара оццул доккха долу гӀуллакх кхочушдаллал?» ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Эло дӀадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар».
[14] ЭлишаӀ волчуьра дӀа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХӀун элира хьоьга ЭлишаӀа?» «Цо соьга элира, хьо толур ву», – аьлла, жоп делира Хьазиала.
[15] ШолгӀачу дийнахь Хьазиала, стомма юргӀа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тӀе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира.
[16] Ахьабан кӀанта Йорама Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, ЯхӀудан халкъана тӀехь ЯхӀушапти паччахь волуш, яхӀудхойн кхин паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀурам.
[17] ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира.
[18] Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
[19] Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхӀудан халкъ хӀаллакдан ца лаьара. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.
[20] ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра.
[21] ЯхӀурам шен ерриге а гӀудалкхашца ЦаӀир-гӀала вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀера церан хьаькамашна а тӀелетира. Ткъа яхӀудхойн эскархой шайн цӀеношка дӀасабевдира.
[22] Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера.
[23] ЯхӀурамах лаьцна – цо мел динчу гӀуллакхех лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[24] ТӀаккха ЯхӀурам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀураман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.
[25] Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгӀа шо долуш хилира яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀантах Ахьаз-ЯхӀух паччахь.
[26] Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Ӏумарин кӀентан йоӀ яра.
[27] Ахьаз-ЯхӀу а вара Ахьабан цӀийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цӀийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, хӀунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цӀийнаца гергарло долуш вара.
[28] Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадера Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира.
[29] Йорам-паччахь тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.