[1] Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».
[2] Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:
[3] «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.
[4] ЕшаӀ-ЯхӀу паччахьан цӀийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга:
[5] «Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхӀуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгӀачу дийнахь Везачу Элан цӀийне гӀур ву хьо.
[6] Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тӀетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хӀара гӀала’“».
[7] ЕшаӀ-ЯхӀус элира: «Ӏаьвдина инжирийн курс схьаэца». Ӏаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тӀейиллира цара. ТӀаккха паччахь товелира.
[8] Хьузакх-ЯхӀус ЕшаӀ-ЯхӀуга хаьттира: «ХӀун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгӀачу дийнахь со Везачу Элан цӀийне гӀур ву аларан?»
[9] ЕшаӀ-ЯхӀус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хӀара хир ю: лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?»
[10] Хьузакх-ЯхӀус элира: «ӀиндагӀана атта хир ду итт тӀегӀанна хьалхадала. ХӀан-хӀа, лами тӀера ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадалийта».
[11] ЕшаӀ-ЯхӀу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тӀера ӀиндагӀ ша тӀедаханчу итт тӀегӀанна юхадаккхийтира.
[12] Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела.
[13] Геланчаш тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а – герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дитира.
[14] Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», – аьлла.
[15] «Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхӀус.
[16] ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, Везачу Эло хӀун боху:
[17] „Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло.
[18] Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах».
[19] Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.
[20] Хьузакх-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Ӏомах а, цо лаьтта кӀелхула гӀали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дӀаяздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[21] Хьузакх-ЯхӀу а, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Хьузакх-ЯхӀун метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Маннаш.