Skip to content
Opens in a new window

[1] Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу.

[2] Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра.

[3] Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.

[4] СагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора.

[5] Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхӀу. Цул хьалха, я цул тӀаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхӀудхойн массо а паччахьашна юкъахь.

[6] Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дӀа ца вирзира Хьузакх-ЯхӀу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо.

[7] Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гӀуллакхаш тӀехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхӀу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтӀахь вацара Хьузакх-ЯхӀу.

[8] Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц.

[9] Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до доьалгӀа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тӀе а гӀоьртина, Шамран-гӀалина го бира.

[10] Кхо шо даьлча, Шалманесара дӀалецира и гӀала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до йолхалгӀа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, дӀалаьцнера Шамран-гӀала.

[11] Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дӀабигира. Хьалахь-гӀалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гӀалахь а, мадайхойн гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш.

[12] И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догӀарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тӀе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугӀура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.

[13] Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира.

[14] ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра.

[15] Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус.

[16] Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо.

[17] Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш.

[18] Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара.

[19] Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’

[20] Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал?

[21] Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.

[22] Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’.

[23] Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна?

[24] Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча?

[25] Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“».

[26] Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».

[27] Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со».

[28] ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка!

[29] ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац.

[30] ‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта.

[31] Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен долахь йолчу гӀу чуьра хи а молийла,

[32] аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа.

[33] Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний?

[34] Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева олучу гӀаланийн деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара?

[35] Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“»

[36] Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла.

[37] ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters