[1] ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз. Цо вуьрхӀитта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.
[2] Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.
[3] ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кӀентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна.
[4] ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаза гӀо доьхуш доӀа дира Везачу Эле. И доӀа Везачу Элана дӀахезира, хӀунда аьлча Цунна гуш дара арамхойн паччахьо Исраилан халкъана беш болу ницкъ мел чӀогӀа бу.
[5] ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна уьш кӀелхьарбохург вахийтира. Цо арамхойн карара схьабехира уьш. Иштта исраилхой, хьалха санна, кхерам а боцуш, шайн цӀенош чохь Ӏаш бара.
[6] Амма ЯрбаӀаман цӀийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидӀа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цӀу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам Шамран-гӀалахь кхидӀа а лаьтташ бара.
[7] ЯхӀу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тӀеман гӀудалкх а, итт эзар гӀашло а бен вацара, хӀунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дӀадаьккхира, когаш кӀел хьоьшу чан санна эскархой а беш.
[8] ЯхӀу-Ахьаза лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[9] ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀу-Ахьазан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀуаш.
[10] ЯхӀудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира.
[11] Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. Изза къинош цо а летадора.
[12] ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[13] ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀам. Исраилхойн паччахьаш дӀабоьхкинчу Шамран-гӀалахь дӀавоьллира ЯхӀуаш а.
[14] ЭлишаӀана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тӀаьхьо иза вала а велира. ЭлишаӀ волчу исраилхойн паччахь ЯхӀуаш веара. Цо, ЭлишаӀана тӀе а хӀоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!»
[15] ЭлишаӀа цуьнга элира: «СекхаӀад а, пхерчий а схьаэца». ЯхӀуаша схьаийцира секхаӀад а, пхерчий а.
[16] Исраилхойн паччахье ЭлишаӀа элира: «Хьайн куьйгаца Ӏад дула». Паччахьо шен куьйгаца Ӏад дуьйлира. ТӀаккха ЭлишаӀа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тӀедехкира.
[17] «Малхбалехьа долу кор дӀаделла», – элира ЭлишаӀа. Паччахьо кор дӀадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тӀехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гӀалахь арамхой хӀаллакбийр бу».
[18] ЭлишаӀа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира.
[19] Делан стага, оьгӀаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТӀаккха кхоччуш хӀаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хӀинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тӀехь».
[20] ЭлишаӀ велира, наха иза дӀавоьллира. ХӀора шарахь бӀаьста муабахойн ардангаш исраилхойн махка чу йогӀура.
[21] Цхьана хенахь масех исраилхо хилла цхьа велла стаг дӀавуллуш. Шайна тӀейогӀу муабахойн цхьа арданг гича, цара велларг ЭлишаӀан къубби чу тесна хилла. Къубби чу дужучу хенахь и дакъа ЭлишаӀан даьӀахкех дӀахьакхаделла, тӀаккха, ден а велла, шен когаш тӀе дӀахӀоьттира и стаг.
[22] Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхӀу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь.
[23] Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хӀинцалерчу ханна тӀекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хӀаллакбан я уьш Шена уллора дӀататта.
[24] Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Бен-Хьадид.
[25] ТӀом болчу хенахь Хьазиала масех гӀала схьаяьккхинера ЯхӀуашан дегара ЯхӀу-Ахьазера, амма ЯхӀуаша и гӀаланаш юхаехира Хьазиалан кӀантера Бен-Хьадидера. ЯхӀуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тӀехь, исраилхойн гӀаланаш юха а йохуш.