[1] ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптис паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Ахьабан кӀант ЯхӀурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.
[2] Йорам-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, шен дас а, шен нанас а дина хиллачу барамехь ца динехь а. Шен дас БаӀал-харцдела лоруш дӀахӀоттийна тӀулг хӀаллакбина дӀабаьккхира Йорама.
[3] Амма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо кхидӀа а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш.
[4] Муабахойн паччахьан МешаӀан дуккха а жаш дара. ХӀора шарахь а цхьа бӀе эзар Ӏахар а, цхьа бӀе эзар койн тӀаргӀа а бохьуьйтура МешаӀ-паччахьо исраилхойн паччахьна.
[5] Ткъа Ахьаб велча, муабахойн паччахь исраилхойн паччахьна дуьхьалвелира.
[6] ТӀаккха Йорам-паччахьо, Шамран-гӀалара ара а ваьлла, массо а исраилхошна юкъара эскархой тӀамана схьагулбира.
[7] Цо яхӀудхойн паччахьна ЯхӀушаптина тӀе нах бахийтира. Цуьнга иштта дӀаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогӀий соьца муабахошна дуьхьал тӀом бан?» ЯхӀушаптис жоп делира: «Дера вогӀу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ – хьан халкъ ду. Сан дой – хьан дой ду», – аьлла.
[8] ЯхӀушаптис хаьттира: «ТӀамца муьлхачу новкъахула даха деза тхо?» «Эдоман яьссачу аренан новкъахула», – жоп делира Йорама.
[9] Иштта цхьаьна новкъа бевлира исраилхойн, яхӀудхойн, эдомхойн а паччахьаш. ВорхӀ дийнахь хьийзаш болу некъ бича, церан эскарна а, царна тӀаьхьахӀиттина догӀучу шайна тӀехь кира дахьачу дийнаташна а мала хи ца дисира.
[10] ТӀаккха исраилхойн паччахьо иштта элира: «Хьажахьа! Везачу Эло, вай кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийна-кх?»
[11] ЯхӀушаптис хаьттира: «Везачу Элан пайхамарех цхьа а вац те кхузахь, цуьнгахула Везачу Эле хаттар дайта?» «Цкъа мацах Эли-ЯхӀу-пайхамаран ялхо хилла волу Шаптин кӀант ЭлишаӀ ву кхузахь», – аьлла, жоп делира исраилхойн паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.
[12] «Цуьнгахула Везачу Элера хаам хуьлу», – элира ЯхӀушаптис. ТӀаккха исраилхойн паччахь а, ЯхӀушапти а, эдомхойн паччахь а ЭлишаӀана тӀевахара.
[13] ЭлишаӀа исраилхойн паччахье элира: «Сан хӀун бала бу хьоьца? Хьайн ден а, ненан а хиллачу пайхамаршна тӀе гӀо». ТӀаккха исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «ХӀан-хӀа! ХӀунда аьлча Веза Эла ма ву, тхо кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дӀавалархьама схьавалийнарг!»
[14] ЭлишаӀ-пайхамаро элира: «Шена ас гӀуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чӀагӀо йо аса, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агӀор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла.
[15] Ткъа хӀинца схьавалавел суна тӀе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаӀах Везачу Элан куьг хьакхаделира.
[16] Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху тогӀи чохь дуккха а саьнгарш яха“.
[17] ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: „Шуна я мох баьлла, я догӀа догӀуш ца гушшехь, хӀара тогӀи хих юзур ю. И хи шуна а, шайна тӀехь кира кхоьхьучу дийнаташна а, шун хьайбанашна а мала хир ду“.
[18] Амма Веза Эла иза дина Ӏийр вац, Цо муабахой а дӀалур бу шун кара.
[19] Аша церан массо а чӀагӀйина йолу гӀаланаш а, массо а коьрта гӀаланаш а хӀаллакйийр ю. Аша дерриг а тоьлла долу дитташ а хедор ду, массо а хин хьоста а лакъор ду. Аренгара тоьлла долу лаьттан дакъош а, тӀе тӀулгаш а кхиссина, талхор ду».
[20] ШолгӀачу дийнахь, Ӏуьйренан сагӀа доккхучу хенахь, цӀеххьана, Эдомера схьабогӀучу новкъахула хи схьахьаьдира. Латта хих дуьзира.
[21] Паччахьаш шайца тӀом бан арабевлла аьлла, дӀахезнера массо а муабахошна. Цундела тӀеман гӀирс лелалуш болу массо а нах, жимачунна тӀера воккхачунна тӀекхаччалц, схьагулбинера цара. Мехкан дозанехь дӀахӀиттийнера уьш.
[22] Ӏуьйранна уьш хьалххе хьалагӀевттира. Хина тӀехула къеггина малх хьалабелира. Генна дӀахьаьжначу муабахошна и хи, цӀий санна, цӀен бос болуш тарделира.
[23] Цара элира: «Иза цӀий ду. Паччахьаша, вовшах а летта, вовшийн хӀаллакбина хир бу. ХӀинца, муабахой, шу хӀонс схьаэца арадовла!»
[24] Муабахой исраилхойн меттаматтана тӀебаьхкира. ХьалагӀевттина исраилхой, муабахошна дуьхьал а бевлла, царна тӀелетира. Муабахой исраилхойх дӀабевдира. Ткъа исраилхоша, муабахойн махка чу а бевлла, уьш байира
[25] Исраилхоша муабахойн гӀаланаш хӀаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тӀе, хӀораммо а цхьацца тӀулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дӀахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гӀала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гӀалина го а бина, цунна а тӀелетира.
[26] Шаьш эшош хилар гича, муабахойн паччахьо, эдомхойн паччахьна тӀеваха некъ баккха дагахь, карахь тур лелош волу ворхӀ бӀе тӀемало вигира шеца, амма уьш чекх ца бовлабелира.
[27] ТӀаккха муабахойн паччахьо шел тӀаьхьа паччахь хила везаш волу шен кӀентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тӀехь шен далла лерина сагӀина вагийра. Оцу гӀуллакхо исраилхой чӀогӀа эргӀадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тӀе юхабирзира.