Skip to content
Opens in a new window

[1] ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Элан кӀант ХӀушаӀ. Цо исс шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.

[2] ХӀушаӀа а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Амма шел хьалха хиллачу исраилхойн паччахьаша санна дукха зуламаш ца дора ХӀушаӀа.

[3] Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХӀушаӀана дуьхьалвелира. ТӀаккха ХӀушаӀах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира.

[4] Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХӀушаӀа шена дуьхьал барт бина хилар. ХӀушаӀа Мисар-мехкан Су-паччахьна тӀе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХӀушаӀ дӀа а лаьцна, иза набахти чу воьллира.

[5] Берриг а Исраил-махкана тӀегӀоьртира Шалманесар. Шамран-гӀалина тӀе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гӀала.

[6] ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш дӀалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гӀала. Исраилхой, Ашур-махка дӀа а бигна, Хьалахь-гӀалахь а, Газун-кӀоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо.

[7] И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Ӏибадат дора,

[8] Везачу Эло шайн лаьттара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна доллу хӀума лела а дора, иштта исраилхойн паччахьаша хӀиттийна зуламе ламасташ цара а леладора.

[9] Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гӀуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гӀаланашкахь тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀахӀиттийра, ха деш йолу бӀов йолуш йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна чӀагӀйинчу йоккхачу гӀалина тӀекхаччалц.

[10] Исраилхоша шаьш Ӏаш болчохь харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттинера хӀора гуна тӀе а, хӀора ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а.

[11] Шаьш долчуьра Везачу Эло лелхийна долчу къаьмнаша санна, оцу массо а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора цара. Иштта, Веза Эла оьгӀазвохуьйту зуламе гӀуллакхаш дора цара.

[12] Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш».

[13] Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхӀудан халкъе а дӀахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тӀера юхадовла, Аса шун дайшна тӀедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде».

[14] Амма цара ла ца дугӀура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера.

[15] Уьш дӀабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгӀира Везачу Эло шайга, дӀахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цӀу-деланашна Ӏибадат дора, уьш хӀумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хӀумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг».

[16] Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дӀатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дӀахӀоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бӀогӀам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Ӏибадат а дора, БаӀал-харцдалла Ӏамал а йора.

[17] Цара шайн бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цара, Иза оьгӀаз а вохуьйтуш.

[18] Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дӀатеттира. ЯхӀудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира!

[19] ЯхӀудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Ӏадаташ, исраилхоша дийрриг а деш.

[20] Иштта, Везачу Эло дӀатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тӀе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дӀа а белира уьш. ТӀаьххьара а Шена гучуьра дӀа а бехира Везачу Эло исраилхой.

[21] Везачу Эло исраилхой Даудан цӀийнах дӀакъастийча, НабатӀан кӀант ЯрбаӀам шайн паччахь дӀахӀоттийра цара. Ткъа ЯрбаӀама, исраилхой Везачу Элах дӀа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга.

[22] ЯрбаӀам-паччахьо летош доллу къинош летадора исраилхоша а. И къинош леточуьра совцуш а бацара исраилхой,

[23] Везачу Эло уьш дӀататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дӀакхалхийнера, уьш хӀинца а цигахь бехаш бу.

[24] Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Ӏаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гӀаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гӀаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гӀаланашкахь даха охьахевшира.

[25] Цигахь даха доладелча, и халкъаш Везачу Эле ларамах дуьзна ца хилла. Цундела Везачу Эло царна юкъа лоьмаш дохуьйтура. Лоьмаша цхьаберш хӀаллакбора.

[26] ТӀаккха Ашур-мехкан паччахьна тӀе хабар даьхьира: «Шамран-мехкан гӀаланашка схьа а далийна, ахьа охьаховшийначу халкъашна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза. Цундела Цо царна юкъа лоьмаш дахийтина, ткъа цу лоьмаша и халкъ хӀаллакдо, царна цу махкарчу Дала тӀедехкинарш ца девза дела», – аьлла.

[27] Ашур-мехкан паччахьо, омра а деш, элира: «Цигара арабаьхна болчу динан дайх цхьаъ оцу махка вахийта. Иза цига дӀа а хьажавой, цу мехкан Дала тӀедехкинарш а довзуьйтуш, иза цигахь вахийта».

[28] ТӀаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гӀала схьа а веана, Везачу Элана Ӏамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара.

[29] Амма хӀора халкъо шайн-шайн деланийн цӀуш бора. И цӀуш сагӀа доккхучу гунаш тӀехь шамранхоша динчу харцделанийн цӀеношкахь дӀахӀиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хӀора а гӀалахь дира цара.

[30] Бавел-гӀаларчу наха шайна Сакхат-Банут олу цӀу-дела вира, Кут-гӀаларчу наха – Нургал, Хьамат-гӀаларчу наха – Ашимаъ цӀераш йолу цӀу-деланаш дӀахӀиттийнера.

[31] Ӏаву-гӀалахь – Нибхьаз а, Тартакх а цӀуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цӀергахь дагадора шайн цӀу-деланашна Адир-Маликана а, Ӏанам-Маликана а уьш сагӀина а дахьаш.

[32] Цу тӀе Везачу Элана а Ӏамал йора цара. СагӀа доккхучу гунаш тӀе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гӀуллакх деш бара гунаш тӀехь долчу харцделанийн цӀенош чохь.

[33] Цара Везачу Элана Ӏибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Ӏамал йора цара.

[34] ХӀинца а шайн хӀетахьлера Ӏадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цӀе тиллинчу Якъубан тӀаьхьенна делла парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до.

[35] Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тӀедиллинера: «Кхечу деланашна Ӏибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Ӏамал а ма е, сагӀа а ма даккха.

[36] Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Ӏибадат а де, Цунна Ӏамал а е, Цунна сагӀа а даккха.

[37] Везачу Эло шайна дӀаяздина парзаш а, тӀедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Ӏамал ян ца еза аша.

[38] Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Ӏамал а ма е.

[39] Веккъа шайн Веза Эла волчу цхьана Далла Ӏамал е, тӀаккха Цо шу кӀелхьардохур ду шун массо а мостагӀех».

[40] Амма исраилхоша Цуьнга ла ца дугӀура. Цара шаьш хьалха лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.

[41] Оцу халкъаша Везачу Элана а Ӏибадат дора, амма шайн цӀу-деланашна а Ӏамал йора. ХӀинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гӀуллакхаш леладо.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters