Skip to content
Opens in a new window

[1] Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра.

[2] Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша.

[3] Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.

[4] Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а.

[5] Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.

[6] Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.

[7] Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а.

[8] Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац».

[9] Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.

[10] Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира:

[11] «ЯхӀудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цӀушца яхӀудхошка къинош летадайтира цо.

[12] Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хӀинца Аса бохам тӀебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхӀудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегӀах зуз даллал цец а воккхуш.

[13] Айса Шамран-гӀалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цӀенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гӀалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цӀан а йина, Ӏункар хӀоттош йолу пхьегӀа санна, цӀанйийр ю Аса Ярушалайм.

[14] Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагӀийн кара дӀа а лур бу. ХӀонс санна хир ду и адамаш церан мостагӀашна.

[15] Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хӀинццалц схьа Со оьгӀазъэхийтарна».

[16] Иштта, Маннаша яхӀудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цӀий а Ӏанош, Ярушалайм-гӀала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цӀийх юьзира.

[17] Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[18] ТӀаккха Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀерачу бешахь дӀавоьллира. И беш Ӏузин беш яра. Маннашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.

[19] Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоӀ яра.

[20] Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Ӏаммина а.

[21] Ӏаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Ӏибадат дина хиллачу цӀушна Ӏамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш.

[22] Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Ӏаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза.

[23] Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.

[24] ТӀаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.

[25] Аминан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[26] Ӏаммин Ӏузин бешахь йолчу шен къубби чохь дӀавоьллира. Ӏамминан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters