Skip to content
Opens in a new window

[1] Исраилхошна тӀехь ЯхӀус паччахьалла деш долу ворхӀалгӀа шо долуш, Юаш паччахь дӀахӀоьттира. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра.

[2] Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена хьехамаш бечу массо а ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша.

[3] Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза диснера, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

[4] Динан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цӀенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча – ясакх санна хӀора стагана тӀера дӀадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваӀданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цӀенна луш мел долу ахча а.

[5] ХӀора динан дас, Делан цӀийнан хазна карахь йолчу цхьаьнгара ахча схьа а эцна, цунах Везачу Элан цӀа тодан деза, ерриге а йохийна меттигаш дӀа а тоеш».

[6] Амма Юаша паччахьалла до ткъе кхоалгӀа шо долчу хенахь а, Везачу Элан цӀа чохь йоьхна меттигаш динан дайша хӀинца а тойина яцара.

[7] Цундела Юаш-паччахьо, динан да ЯхӀу-ЯдаӀ а, кхиболу динан дай а схьа а кхайкхина, цаьрга элира: «Везачу Элан цӀа чохь йоьхна йолу меттигаш то хӀунда ца йо аша? Аша кхидӀа ма эцалаш шайн хазна карахь йолчаьргара ахча, Везачу Элан цӀа дӀатодарна бен».

[8] ТӀаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дӀа ца эца. Везачу Элан цӀа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара.

[9] Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, цхьа гӀутакх схьа а эцна, цунна тӀехула агӀор херо а даьккхина, иза сагӀа доккхучу кхерчана аьтту агӀорхьа Делан цӀийнан керта чу воьддучу дӀахӀоттийра. Кертан неӀарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гӀутакх чу тосура.

[10] Цу гӀутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза.

[11] ТӀаккха и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран балхана тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гӀишлош еш болчарна а,

[12] тӀулгаш дуттучарна а, тӀулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тӀулг а эцарна а, Везачу Элан цӀа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цӀа меттахӀоттош нислуш долчу массо а кхечу гӀуллакхашна а.

[13] Делахь а, Везачу Элан цӀенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цӀенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегӀаш а.

[14] Белхан куьйгалхошна дӀалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цӀа тодора.

[15] Белхалошна дӀасадекъа ахча дӀаделлачу адамашкара хьесап ца хоьттура, хӀунда аьлча уьш тешаме нах бара.

[16] ГӀуда такхаран а, къинан а сагӀанех долу ахча Везачу Элан цӀа чу ца дахьара – иза динан дайн долахь дара.

[17] Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гӀалина дуьхьал тӀом а бина, иза дӀалецира. ТӀаккха Ярушалаймана тӀелата дагадеара Хьазиална.

[18] Амма яхӀудхойн паччахьо Юаша, яхӀудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхӀушаптис а, ЯхӀурама а, Ахьаз-ЯхӀус а Везачу Элан цӀенна сагӀина мел деана хӀума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагӀина мел деана хӀума а, Везачу Элан цӀийнан а, паччахьан цӀийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дӀадахьийтира Юаша. ТӀаккха Хьазиал тӀе ца летира Ярушалаймана.

[19] Юашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[20] ТӀаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра.

[21] Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимӀатан кӀант Юзабди а, Шумаран кӀант ЯхӀу-Забди а. Юаш велира. Иза а дӀавоьллира шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters