[1] Пайхамарийн тобано ЭлишаӀе элира: «Хьуна юххехь тхо Ӏаш долу хӀара меттиг тхуна готто ю.
[2] Оха, Йордан-хи йисте а дахана, хӀораммо а цигара цхьацца диттан хен схьа а эцна, тхайна Ӏан меттиг югӀур ю цигахь». «Мегар ду, дӀагӀо шу», – элира ЭлишаӀа.
[3] Оцу тобанера цхьаммо дийхира: «Хьайна хала дацахь, хьо а волахьа тхоьца», – аьлла. «Дика ду, вогӀур ву со», – элира ЭлишаӀа.
[4] Иза цаьрца вахара. Йордан-хина тӀекхаьчча, дитташ хедо буьйлабелира уьш.
[5] Царах цхьаммо дитт охьадожочу хенахь, цуьнан диг хи чу дуьйжира, дага карахь а юьсуш. Цо, мохь а хьаькхна, элира: «Ва, сан эла! Иза-х аса духалург даьккхина ма дара!»
[6] Делан стага хаьттира: «Мичахь чудоьжна иза?» Вукху пайхамаро гайтира и меттиг. ЭлишаӀа, дечигах чеш а даьккхина, иза хи чу а кхоьссина, дагаран аьчка декъе нека дайтира.
[7] «ДӀаэца хьайна», – элира ЭлишаӀ-пайхамаро. Вукхо шен куьг дӀа а кховдийна, диг схьаийцира.
[8] Арамхойн паччахь тӀамца исраилхошна дуьхьалвелира. Цо, шен тӀеман хьаькамех дага а волуш, цаьрга дӀахаийтира цхьана меттигехь шен меттамотт дӀахӀотторг хилар.
[9] Делан стага исраилхойн паччахьна тӀе геланча вахийтира. Цо паччахье хаам бира: «Оцу меттигашкахула чекх ма валалахь, хӀунда аьлча цигахь арамхоша кӀело йина», – аьлла.
[10] Исраилхойн паччахьо тӀемалой бахийтира Делан стага билгалъяьккхинчу меттиге хьовса. Цигарчу нахе цо дӀахьедар а дина, шаьш мостагӀех ларбира цара. Иштта, цкъа-шозза хилла а ца Ӏаш, дукхазза а хилира.
[11] Арамхойн паччахь оцу гӀуллакхна дог доьхна вара. Цо, шен тӀеман хьаькамаш а гулбина, цаьрга хаьттира: «Схьадийцийша соьга, мила ву шух, исраилхойн паччахьца а тайна, суна ямартло йийриг».
[12] «Тхох-м цхьа а вац, сан паччахь. Амма исраилхойн ЭлишаӀ-пайхамар ву, цо шайн паччахье ур-атталла ахьа хьайн охьавуьжучу цӀа чохь аьлларг а дӀадуьйцу», – жоп делира паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо.
[13] ТӀаккха арамхойн паччахьо элира: «Даха а гӀой, иза мичахь ву хьовса шу. Аса, эскархой а бахийтина, иза лоцуьйтур ву». Пайхамар Дотан-гӀалахь ву аьлла, хаам бира паччахье.
[14] Цо дой а, гӀудалкхаш а йолу доккха эскар дахийтира цу гӀала. Цара буьйсанна, схьа а баьхкина, гӀалина го бира.
[15] Оцу Ӏуьйранна ЭлишаӀан ялхо хьалххе хьалагӀаьттира. Иза араваьлча, гӀалина гобаьккхина лаьтташ долу, юкъахь дой а, гӀудалкхаш а йолу эскар гира цунна. Цо ЭлишаӀе элира: «Ва, сан эла, вай хӀун дан деза те?»
[16] ЭлишаӀа элира: «Хьо кхера ма ло! Вайца берш, цаьрца болчарал сов бу».
[17] ТӀаккха ЭлишаӀа, доӀа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бӀаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бӀаьргаш схьадиллира. ТӀаккха цунна гира ЭлишаӀана гонах лам цӀеран дойх а, гӀудалкхех а буьзна хилар.
[18] Арамхой шена тӀегӀоьртича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира. Цо дийхира: «БӀаьрзе бехьа уьш», – аьлла. Везачу Эло, ЭлишаӀа ма-деххара, бӀаьрзе бира уьш.
[19] «ХӀара аша бан беза некъ а ма бац, хӀара аша лоьху гӀала а ма яц. Суна тӀаьхьахӀитта, аша лоьхучу стагана тӀедуьгур ду аса шу», – элира ЭлишаӀа цаьрга. Иштта уьш Шамран-гӀалина тӀебигира ЭлишаӀа.
[20] Шаьш Шамран-гӀала схьакхаьчча, ЭлишаӀа элира: «Веза Эла! Церан бӀаьргаш схьаделлахьа, царна са гайтархьама». Везачу Эло церан бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха шаьш Шамран-гӀалахь хилар гира царна.
[21] Шена уьш гича, исраилхойн паччахьо ЭлишаӀе хаьттира: «Сан да, уьш байа безий те аса?»
[22] «ХӀан-хӀа, ма байа ахьа уьш, – жоп делира ЭлишаӀа. – Ахьа-айхьа туьраца а, Ӏодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цӀа дӀахеца ахьа уьш шайн паччахьна тӀе».
[23] Исраилхойн паччахьо царна доккха той дӀахӀоттийра. Цара йиъна а, мелла а чул тӀаьхьа, цо уьш цӀа дӀахьажийра шайн паччахьна тӀе. Цул тӀаьхьа кхин ца яьхкира арамхойн эскарийн ардангаш исраилхойн лаьтта тӀе.
[24] И дерриг хиллачул тӀаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТӀаккха, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го бира цо.
[25] Цу хенахь йоккха мацалла хӀоьттира оцу гӀалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин цхьана кедах дато пхи ахча доьхура.
[26] Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гӀалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чӀогӀа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гӀо дехьа суна».
[27] Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гӀо ца дича, аса хӀун гӀо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хӀумма а яц. Я кӀа а, я чагӀар а дуй ткъа соьгахь?»
[28] ТӀаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» Зудчо дийцира паччахье: «ХӀокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кӀант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“.
[29] Оха, сан кӀант кхехка а вина, виира. ШолгӀачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кӀант, хӀинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кӀант дӀалачкъийна!»
[30] Шена и дешнаш дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула чекхволуш, нахана цуьнан дегӀа тӀера сингаттаман бедар гира.
[31] «Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь Шаптин кӀант волчу ЭлишаӀан корта тахана цуьнан белшаш тӀехь бисахь!» – элира паччахьо.
[32] Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаӀана тӀе. ЭлишаӀ шен цӀа чохь вара. И волчохь хевшина Ӏаш къаной а бара. И геланча шена тӀе а вале, ЭлишаӀа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хӀаллакдеш волчо, сан корта тӀерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неӀ дӀакъовлалаш! НеӀ тӀе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тӀаьххье схьавогӀучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!»
[33] ЭлишаӀ къаношка и бохуш воллучу хенахь, геланча цунна тӀе схьавеара. Цо паччахьан дешнаш схьаэлира: «ХӀара бала Везачу Элера тӀебеана бу! ХӀунда Ӏан веза со, Веза Эла варе ла а доьгӀуш?»