Skip to content
Opens in a new window

[1] Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу.

[2] Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра.

[3] Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг.

[4] Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

[5] Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.

[6] Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[7] ТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.

[8] ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира.

[9] Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.

[10] Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хӀоьттира.

[11] Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[12] Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.

[13] ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира.

[14] Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш.

[15] Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[16] Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо.

[17] ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира.

[18] Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.

[19] Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула Исраил-махкана тӀегӀоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПӀуле, цуьнга шена гӀо а дойтуш, шен паччахьалла чӀагӀдархьама.

[20] ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети далар тӀедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дӀаделира цо. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дӀавахара.

[21] Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[22] ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу.

[23] Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.

[24] Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.

[25] Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта.

[26] Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[27] ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.

[28] Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.

[29] Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо.

[30] Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ.

[31] Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[32] Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам.

[33] Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.

[34] Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора.

[35] Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара.

[36] Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[37] Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан.

[38] Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters