[1] ЭлишаӀ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хӀара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала дӀагӀо.
[2] Хьо цига дӀакхаьчча, Нимшайн кӀентан ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀу схьа а къаставой, цунна тӀе а гӀой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цӀа чу ваккха.
[3] ТӀаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тӀе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тӀаьхьа, неӀ дӀа а еллий, дӀавада, сеца а ца соьцуш“».
[4] Къона пайхамар ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала вахара.
[5] Иза цига дӀакхаьчча, охьахевшина болу тӀеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТӀеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан». ЯхӀус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?» «Хьоьга ду, тӀеман хьаькам», – аьлла, жоп делира къонахчо.
[6] Иза, хьала а гӀаьттина, цӀа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тӀе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тӀехь.
[7] Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цӀа хӀаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Ӏаьнначу цӀийна тӀера Соьга бекхам байтархьама.
[8] Ахьабан дерриг цӀа а хӀаллакьхир ду. Аса хӀаллаквийр ву Ахьабан цӀийнах схьаваьлла массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а.
[9] НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг дина дӀахӀоттор ду Аса Ахьабан цӀенна а.
[10] Ткъа Изабалах лаьцна аьлча, ИзраӀална уллохь долчу цхьана кха тӀехь жӀаьлеша юур ю иза, цхьаммо а иза дӀаюллур а яц“». ТӀаккха, неӀ дӀа а йиллина, къонах дӀаведира.
[11] ЯхӀу паччахьан вукху тӀеман хьаькамашна тӀевахара. Хьаькамаша хаьттира цуьнга: «ХӀумма-м ца хилла? И лартӀехь воцург стенна веанера хьуна тӀе?» «Шуна и стаг а вевза, цо хӀун боху а хаьа», – жоп делира ЯхӀус.
[12] Цара элира: «И бакъ дац. Дийцал ахьа тхоьга». ЯхӀус шега аьлларг дӀадийцира. ТӀаккха цо тӀетуьйхира: «Къонахчо бохура: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво хьо’“».
[13] Цара сихха, хӀораммо а шен-шен бедар схьа а эцна, цуьнан когашка тӀегӀанаш тӀе охьатесира. ТӀаккха, коьман маӀа а локхуш, маьхьарий а детташ, элира: «ЯхӀу – паччахь ву».
[14] Нимшайн кӀант волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалӀад-махкара Рамат-гӀала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах.
[15] Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраӀал-гӀала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь.) ЯхӀус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраӀал-гӀала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гӀалара ара ма валийта».
[16] ЯхӀу, гӀудалкх тӀе а хӀоьттина, ИзраӀал-гӀала вахара, хӀунда аьлча Йорам цигахь хӀинца а цомгуш волуш Ӏуьллуш вара. ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа.
[17] ИзраӀал-гӀалин бӀов тӀехь лаьтташ гӀарол вара. Цунна ЯхӀуца йогӀу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогӀу цхьа арданг го суна», – аьлла. Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догӀий шу?“»
[18] ТӀаккха цхьа бере, дин тӀе а хиъна, ЯхӀуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогӀий те хьо“?» ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо». ГӀароло хаам бира: «Бере царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац», – аьлла.
[19] ТӀаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тӀе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догӀий те?“» ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо».
[20] ГӀароло хаам бира: «Иза а царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кӀентан ЯхӀун боларх тера ду, хӀунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гӀудалкх».
[21] Йорама элира: «ГӀудалкх дӀайожа!» Цуьнан гӀудалкх дӀаюьйжира. ТӀаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а шайн гӀудалкхаш тӀехь ЯхӀуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхӀуна дуьхьалвахара, израӀалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ.
[22] Йорама, шена ЯхӀу гича, хаьттира: «ЯхӀу, машарца вогӀий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цӀушна Ӏибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хӀинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхӀус.
[23] Куьйгашца гӀудалкх юха а ерзош, говраш дӀа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхӀу! Вайна ямартло йина!»
[24] Ткъа ЯхӀус, шен куьйга Ӏад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гӀудалкх чу охьавуьйжира.
[25] Шен гӀудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхӀус элира: «Схьа а эций, израӀалхочун Набутин лаьттан декъа тӀе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гӀудалкхана тӀехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тӀаьхьахӀоьттина вогӀучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам:
[26] „Билггал Набутин а, цуьнан кӀентийн а цӀий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тӀехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тӀехь охьакхосса иза».
[27] Хилларг а гина, яхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу Байт-ХӀаган-гӀалина тӀебоьдучу новкъа тӀехула дӀаиккхира. ЯхӀус, гӀудалкх цунна тӀаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дӀаваккха шен гӀудалкхана тӀехь». ИбалӀам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхӀус шен гӀудалкх лаьллича, цунна чов йира цара. Ахьаз-ЯхӀу, МагӀидда-гӀала дӀа а кхаьчна, цигахь велира.
[28] Цуьнан тӀеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.
[29] Ахьаз-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттинера, Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгӀа шо долуш.
[30] ЯхӀу ИзраӀал-гӀала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бӀаьргашна тӀе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра.
[31] ЯхӀу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогӀий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?»
[32] Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхӀус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цӀийнара ши-кхо ялхо.
[33] ЯхӀус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тӀе а, говраш тӀе а деттаделира цуьнан цӀийн тӀадамаш. Изабалан дегӀа тӀехула шен гӀудалкх яьккхира ЯхӀус.
[34] Чу а веана, ша хӀума йиъна а, мелла а ваьлча, цо элира: «Шена тӀехь неӀалт долу иза, схьа а лахий, дӀайолла, хӀунда аьлча иза паччахьан йоӀ ю».
[35] Нах иза дӀайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьӀахкаш йоцург, хӀумма а ца карийра царна.
[36] Юха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхӀугахула Цо аьлла долу: „ИзраӀалхойн аренгахь Изабалан дилха жӀаьлеша дуур ду.
[37] Изабалан дакъа, кхо санна, израӀалхойн декъа тӀехь Ӏуьллур ду. ТӀаккха цхьаммо а эр дац: ‘Изабал ю иза’“».