Skip to content
Opens in a new window

[1] Ахьаб-паччахь веллачул тӀаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гӀаьттира.

[2] Ахьаз-ЯхӀу-паччахьна, Шамран-гӀалахь долчу шен цӀенойн лакхарчу цӀийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гӀой, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубе хатта: „ХӀокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий».

[3] ТӀаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхӀуга элира: «Вало, хьала а гӀаттий, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, исраилхошна тӀехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гӀой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХӀунда доьлху шу Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-деле БаӀал-Забубе хаттар дан?

[4] Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“». Эли-ЯхӀу-пайхамар и дӀаала вахара.

[5] Бахийтинарш Ахьаз-ЯхӀуна тӀе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хӀунда дирзи?»

[6] Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тӀе юхадерза. Аша цуьнга дӀаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хӀунда бохуьйту Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубина тӀе хаттарца? Цундела хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».

[7] Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТӀехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»

[8] Цара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».

[9] Шовзткъе итт тӀемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхӀуна тӀе. Иза Эли-ЯхӀуна тӀевахара. Ткъа Эли-ЯхӀу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхӀуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».

[10] Эли-ЯхӀус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Юха, стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.

[11] ТӀаккха паччахьо кхин а цхьа тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а вахийтира Эли-ЯхӀуна тӀе. Оцу тӀемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»

[12] Эли-ЯхӀус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.

[13] ТӀаккха кхозлагӀа а вахийтира паччахьо тӀемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца. Цо, лома тӀе хьала а ваьлла, Эли-ЯхӀуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тӀемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа!

[14] Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цӀеро сол хьалха схьавеана волу тӀемалойн ши хьаькам, хӀорра а, шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца цхьаьна дӀакхаьллина. Амма сох хӀинца къинхетам бахьара ахь!»

[15] Везачу Элан Малико Эли-ЯхӀуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀагӀо цуьнца». ТӀаккха Эли-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, тӀемалойн хьаькамца паччахьна тӀевахара.

[16] Эли-ЯхӀус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-далла БаӀал-Забубина тӀе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Ӏуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву хьо“».

[17] Эли-ЯхӀу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхӀу велира. ТӀаккха Ахьаз-ЯхӀун метта паччахь хӀоьттира цуьнан ваша Йорам, хӀунда аьлча Ахьаз-ЯхӀун шен кӀант вацара. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀурама олалла динчу шолгӀачу шарахь.

[18] Ахьаз-ЯхӀу-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters