Skip to content
Opens in a new window

[1] Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Йовтаман кӀант Ахьаз.

[2] Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза.

[3] Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кӀант цӀерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш лела а деш.

[4] Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза.

[5] ТӀаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а, Ярушалайм дӀалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тӀом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга.

[6] Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гӀала Араман халкъана юха а ерзош, цу гӀалара яхӀудхой дӀалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гӀала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу.

[7] Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна тӀе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кӀелхьарваккхахьа со».

[8] ТӀаккха Ахьаза Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан цӀийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгӀатна дахьийтира.

[9] Ашурхойн паччахьо ладуьйгӀира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тӀом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гӀала дӀакхалхийтира, ткъа Рицан вийра.

[10] Цул тӀаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагӀа доккху кхерч гира. Цо оцу сагӀа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дӀа муха хӀотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхӀуга дӀадахьийтира.

[11] ТӀаккха динан дас УръяхӀус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагӀа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхӀус и кхерч бина дӀахӀоттийра.

[12] Паччахьна, ша Дамасакхера цӀа веача, и сагӀа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тӀе а вахана, цу тӀехь сагӀа даьккхира.

[13] Дийнаташ дагоран сагӀа а, кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даьккхира цо цу кхерчана тӀехь. Бертан сагӀа а доккхуш, кхерчан агӀонаш тӀе цӀийн цинцаш туьйхира паччахьо.

[14] Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цӀенна а юкъахь Везачу Элана дӀакъастийна цӀестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агӀор охьабиллира.

[15] Динан дега УръяхӀуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тӀехь Ӏуьйренан дийнаташ дагоран сагӀа а, суьйренан кӀен сагӀа а даккха. Иштта цу тӀехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀен сагӀанаш а, адамийн чагӀаран сагӀанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагӀа доккхуш даьлла цӀий а, муьлхха а сагӀина дахьаш долчу дийнатийн цӀийн цинцаш а тӀетоха оцу кхерчана тӀе. Ткъа цӀестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса».

[16] Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхӀус.

[17] Ахьаз-паччахьо чкъургаш тӀехь йолчу кӀелхӀотторгашна тӀера деакӀов пенаш а, еш а дӀадехира. Иштта боккха цӀестан яй а дӀабаьккхира, цӀестан стерчашна тӀера иза тӀулган цӀенкъа охьа а буьллуш.

[18] Везачу Элан цӀийнан кертахь шоьтан дийнахь дӀахӀуттучу гуламна лерина йина тхевнан кӀело а дӀаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цӀа чу вогӀийла а дӀаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза.

[19] Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

[20] ТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ахьазан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьузакх-ЯхӀу.

ТӀаьххьара паччахьаш — Chapters