[1] ЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира.
[2] Везачу Эло ЯхӀу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а тӀемалой, цаьрга ЯхӀуд-мохк хӀаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара.
[3] Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхӀудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гӀуллакхаш дарна а,
[4] иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана.
[5] ЯхӀу-Якхаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[6] ТӀаккха ЯхӀу-Якхам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Ткъа цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин керла паччахь хилла дӀахӀоьттира шен ден метта.
[7] Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тӀом бан кхин ара ца велира, хӀунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера Эпрат-хина тӀе кхаччалц долу латтанаш дӀалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара.
[8] ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхӀу-Яхинан ненан цӀе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоӀ яра.
[9] ЯхӀу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
[10] Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тӀеман хьаькамаша, Ярушалайм-гӀалина тӀе а гӀоьртина, цунна го бира.
[11] ТӀаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гӀалина тӀевеара, шен тӀеман хьаькамаша гӀалина го бинчу хенахь.
[12] ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тӀеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхӀалгӀа шо долуш, цо ЯхӀу-Яхина йийсар дира.
[13] ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо.
[14] Цул тӀаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дӀабигира. Иштта, йийсаре дӀадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхӀуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира.
[15] Цу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо.
[16] Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара.
[17] Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гӀалахь керла паччахь дӀахӀоттийра. Иза вара ЯхӀу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхӀу. Матан-ЯхӀун цӀе а хийцина, ЦӀадукъ-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо.
[18] ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра.
[19] ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.
[20] Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.