[1] Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тӀом бацара.
[2] КхоалгӀачу шарахь яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти исраилхойн паччахьна тӀевахара.
[3] Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалӀад-махкахь йолу Рамат-гӀала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Ӏаш ду».
[4] Ахьаба ЯхӀушаптига элира: «Хьо вогӀур варий соьца ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата?» ЯхӀушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогӀур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду».
[5] ЯхӀушаптис кхидӀа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хӀун боху хаттийтахьа».
[6] Исраилхойн паччахьо, виъ бӀе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалӀадерачу Рамат-гӀала тӀамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?» Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».
[7] ТӀаккха ЯхӀушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».
[8] Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хӀунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхӀушаптис.
[9] ТӀаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кӀант Мика-ЯхӀу схьавалош вола».
[10] Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а, шаьшшинна тӀе паччахьан духарш а дуьйхина, хӀорра а шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гӀалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дӀахӀиттина.
[11] КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, шена тӀе аьчка маӀаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хӀаллакбина охьабахккалц хӀара маӀаш Ӏуьттур ю ахьа царна“».
[12] Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».
[13] Мика-ЯхӀуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хӀораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».
[14] Мика-ЯхӀус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дӀаэриг хилар».
[15] Пайхамар паччахьна тӀевеара. Паччахьо Мика-ЯхӀу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхӀу! Ваха везий те со тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала я ца веза?» Мика-ЯхӀу-пайхамаро паччахье элира: «ДӀагӀо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза».
[16] ТӀаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чӀагӀо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хӀумма а ма алахьара аьлла?»
[17] ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хӀоьтти, массо а исраилхой, шайна тӀехь Ӏу воцу уьстагӀий санна, лаьмнашкахула дӀасабаьржина. ТӀаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тӀехь хьаькам, уьш хӀорра а шен цӀа маьрша вухавоьрзийла“».
[18] Исраилхойн паччахьо ЯхӀушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»
[19] ТӀаккха Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Ткъа хӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа! Суна гира, Веза Эла Шен Ӏаршана тӀе охьахиъна Ӏаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агӀор.
[20] Везачу Эло элира: „Шух хьан тӀеерзор яра Ахьабан ойла, иза тӀамца ГалӀадерачу Рамат-гӀала а вахана, цигахь хӀаллакьхилийтархьама?“ Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура.
[21] ТӀаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“
[22] Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гӀой, иштта де ахьа“.
[23] Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тӀе бохам баийта сацам ма бира!»
[24] ТӀаккха КинаӀанан кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус, Мика-ЯхӀу-пайхамаран бесни тӀе тӀара а тоьхна, элира: «И бохург хӀун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дӀакъаьстина ткъа?»
[25] Мика-ЯхӀус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».
[26] Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхӀу-пайхамар схьа а лаций, гӀалин хьаькамна Аминна тӀе а, паччахьан кӀантана Юашина тӀе а вига.
[27] Аша цаьрга дӀаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХӀара стаг набахти чу волла. Со маьрша цӀа верззалц, кӀеззиг бепиг а, хи а бен, хӀумма а ма ло цунна’“».
[28] Мика-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогӀа аса аьллачуьнга!»
[29] Исраилхойн паччахь а, яхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти а ГалӀадерачу Рамат-гӀалина тӀелетира.
[30] Ахьаб-паччахьо ЯхӀушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тӀера духар а хийцина, тӀом дӀаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тӀедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тӀе хийцина хӀума а юьйхина, тӀом дӀаболийра исраилхойн паччахьо.
[31] Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тӀеман гӀудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тӀом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла.
[32] ЯхӀушапти шайна гича, гӀудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тӀебуьйлабелира, тӀелата дагахь. ЯхӀушаптис мохь хьаькхча,
[33] иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гӀудалкхийн хьаькамаш цунна тӀаьхьабевллачуьра севцира.
[34] Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тӀехь долчу гӀаьгӀнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гӀудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тӀом бечу меттера дӀаваккха со – суна чов йина».
[35] Амма цу дийнахь тӀом чӀагӀбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гӀудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цӀий гӀудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира.
[36] Малх дӀабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дӀахьедар дӀасадаьржира: «ХӀора а шен-шен гӀала, шен-шен махка дӀагӀо!» – аьлла.
[37] Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гӀала деара, цигахь иза дӀавоьллира.
[38] Паччахьан гӀудалкх Шамранан Ӏома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цӀийна тӀе жӀаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара.
[39] Ахьаб-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо дӀахӀоттийначу пийлан кӀомсарех долчу цӀийнах а, цо яйтинчу массо а гӀаланех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[40] Иштта, Ахьаб-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.
[41] Асин кӀант ЯхӀушапти яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгӀа шо долуш.
[42] ЯхӀушапти паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Ӏазубат яра. Иза Шилхьайн йоӀ яра.
[43] Массо а гӀуллакхашкахь ЯхӀушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тӀера дӀа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
[44] ЯхӀушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира.
[45] ЯхӀушаптин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[46] Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хӀаллакбина, дӀабехира цо махкара.
[47] Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхӀудхойн паччахьан мехкада вара.
[48] ЯхӀушаптис хӀордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дӀа ца кхечира. Новкъахь Ӏецйон-ГӀебаре дӀакхочуш хӀордкеманаш, доха а доьхна, хӀаллакьхилира.
[49] ТӀаккха Ахьабан кӀанта Ахьаз-ЯхӀус ЯхӀушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хӀордкеманаш тӀехь?» Амма ЯхӀушапти реза ца хилира иза дан.
[50] ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.
[51] ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀушаптис олалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, Ахьабан кӀант Ахьаз-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилира. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, Ахьаз-ЯхӀус исраилхошна тӀехь шина шарахь олалла дира.
[52] Шен ден а, ненан а новкъахула а лелаш, иштта Исраилан халкъе къинош летадайтина волчу НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман новкъахула а лелаш, цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш лелийра.
[53] Шен дас лелийна доллу гӀуллакхаш а лелош, БаӀална Ӏибадат а деш, цунна гӀуллакх дарна, Исраилан халкъан Веза Дела оьгӀазвахийтира Ахьаз-ЯхӀус.