[1] Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.
[2] Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг.
[3] Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.
[4] Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а,
[5] билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна,
[6] Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин.
[7] Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тӀаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
[8] «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».
[9] Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со.
[10] Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.
[11] Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь».
[12] И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар.
[13] Ткъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.
[14] Цуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна.
[15] Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз.
[16] Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
[17] Сайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а.
[18] Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш.
[19] Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.
[20] Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».