Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:51

[1] Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».

[2] Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.

[3] ШолгӀачу малико шен боган чохь дерг хӀорда чу охьадоьттира. ТӀаккха хӀорд, деллачу адамийн цӀийх а тарлуш, цӀий хилла дӀахӀоьттира. Ткъа хӀорда чуьра массо а дийна мел долу хӀума делира.

[4] КхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира.

[5] ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг, Ахь йина кхелаш иштта хиларна.

[6] Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна, Ахь цаьрга цӀий малийти. Царна и дан хьакъ а ду».

[7] СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».

[8] ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар.

[9] Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.

[10] ПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура.

[11] Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.

[12] ЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира.

[13] ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин.

[14] Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.

[15] «ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».

[16] Иштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.

[17] ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!»

[18] ТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра.

[19] Йоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга.

[20] ХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира.

[21] Стигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters