[1] ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!»
[2] Со дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара.
[3] Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!»
[4] ТӀаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тӀе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира.
[5] Ӏахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара.
[6] Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!»
[7] ТӀаккха Ӏахаро доьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира доьалгӀачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!»
[8] Со дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а.
[9] Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна.
[10] Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» – аьлла.
[11] ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц.
[12] Суна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира.
[13] ЦӀеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тӀера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тӀе охьаийгира.
[14] Стигал а, хьарчийна долу тептар санна, дӀа а хьаьрчина, дӀахьулъелира. ХӀора лам а, гӀайре а меттахъяьккхира.
[15] Лаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тӀеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргӀат берш а хьехашна чохь а, чӀажашна чохь а дӀалевчкъира.
[16] Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а.
[17] Цара таӀзар даран къематде тӀедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»