[1] ХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик. Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра.
[2] И суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна.
[3] ТӀаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Ӏожаллин чов, амма и чов дӀайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тӀаьхьаделира.
[4] Адамаша цу саьрмикна Ӏибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Ӏибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?»
[5] Кура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна.
[6] Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо.
[7] Цунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна.
[8] Бийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду.
[9] Лергаш долчо ладугӀийла хӀокхуьнга.
[10] Адамна йийсар динарг ша а вуьгур ву йийсаре. Туьраца стаг вийнарг ша а лийр ву туьрах. Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.
[11] Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Ӏахаран санна, ши маӀа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора.
[12] Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгӀачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тӀехь дехачу адамашка, а Ӏожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Ӏибадат дайтира.
[13] Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха.
[14] ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар.
[15] ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а.
[16] ШолгӀачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира.
[17] Цу экханан мухӀар таӀийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хӀумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухӀар тӀехь цу экханан цӀе я цуьнан цӀеран терахь дара.
[18] Цу тӀехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХӀунда аьлча иза адамийн терахьца догӀуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бӀе кхузткъе ялх.