[1] Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь.
[2] Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера.
[3] ТӀаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоьттира. Иштта алссам хьожа йогӀу хӀума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доӀанашца цхьаьна, Делан Ӏаршана хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу дашо кхерчана тӀе Далла лерина долчу сагӀина охьайиллархьама.
[4] ТӀаккха оцу хьожа йогӀучу хӀуманах баьлла кӀур Делан долахь болчеран доӀанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара.
[5] Малико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.
[6] Шайн карахь ворхӀ турба йолу ворхӀ малик турба лакха кечделира.
[7] Хьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.
[8] ШолгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хӀума хӀорда чу а кхоьссина, хӀордийн кхоалгӀа дакъа цӀий хилла дӀахӀоьттира.
[9] ХӀордашна чохь йолчу садолчу хӀуманийн кхоалгӀа дакъа а хӀаллакьхилира. Иштта хӀаллакьхилира хӀордкеманийн кхоалгӀа дакъа а.
[10] КхоалгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгӀачу декъа тӀе охьабуьйжира и седа.
[11] Цу седанан цӀе «сагал-буц» ю. ТӀаккха Лаьттан хийн кхоалгӀа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира.
[12] ДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира.
[13] Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»