Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:44

[1] Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура: «Далла бу хастам! Вайн Делехь ду кӀелхьардовлар а, сийлалла а, нуьцкъалалла а.

[2] Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гӀалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цӀий Ӏанорна, Дала цунна догӀуш долу таӀзар дира».

[3] ШозлагӀа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тӀейогӀучу заманна а хир бу цу гӀалина тӀехула хьалатуьйсуш кӀур».

[4] ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»

[5] ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура: «Хастамаш бе вайн Далла массо а Цуьнан ялхой болчара а, Цунах кхоьруш болчу лараме боцучара а, цӀеяханчара а».

[6] Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура: «Хастам бу Далла! ХӀунда аьлча массо а ницкъийн Веза Дела паччахьалла дан волавелла.

[7] Даккхийдерца, самукъадаьлла хир ду вай. Далла хастамаш беш, Цуьнан сийлалла ойур ю вай. ХӀунда аьлча Ӏахаро зуда яло хан тӀекхаьчна, ткъа Цо ялош ерг кечъелла.

[8] Цо цӀена а, лепаш долчу а дуткъачу кӀадинан коч тӀеюьйхина». (Ткъа и дуткъа кӀади – Делан долахь болчара Цуьнан лаамехь дина долу гӀуллакхаш бохург ду.)

[9] Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».

[10] Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».

[11] Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.

[12] Цуьнан бӀаьргаш йогуш йолчу цӀерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тӀехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тӀехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цӀе ю.

[13] ЦӀийно тӀадийна оба яра Цунна тӀехь. Беречун цӀе «Делан Дош» ю.

[14] Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш.

[15] Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.

[16] Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».

[17] ТӀаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тӀемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТӀема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне.

[18] Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».

[19] ТӀаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тӀе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тӀом бан.

[20] Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гӀуллакхашца цо Ӏехийнера экханан мухӀар шайна тӀедиллийтинарш а, экханан суьртана Ӏибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цӀе яьлла богучу а Ӏома чу тесира.

[21] Ткъа бисина болу кхиберш дин тӀе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters