[1] ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.
[2] ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь – шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь – толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.
[3] Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш, массо а ницкъийн Веза Дела! Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш, дуьненан къаьмнийн Паччахь!
[4] Мила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла? Хьан цӀе а хьан язйийр яцара? ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза! Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина, Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду. ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш тхуна гучу ма девлла».
[5] Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжира. ТӀаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дӀаеллаелира.
[6] Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
[7] Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.
[8] ТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.