Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:07

[1] Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра.

[2] Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.

[3] Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.

[4] Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.

[5] (Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза.

[6] Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.

[7] И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дӀахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГӀогӀ а, МагӀогӀ а, Ӏехадеш арадер ду и. Цо тӀаме схьагулдийр ду, хӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха долу адамаш.

[8] Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гӀала ю.

[9] Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира.

[10] Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.

[11] Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.

[12] ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.

[13] ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.

[14] Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)

[15] Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.

Дала Ӏийсагахула Яхьъя-векална довзийтинарг — Chapters