[1] Со дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра.
[2] Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гӀовгӀа чухчарин гӀовгӀанах а, чӀогӀа къекъачу стигалан гӀовгӀанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тӀехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна.
[3] Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора.
[4] Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама.
[5] Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара.
[6] ТӀаккха суна стигална юккъехула тӀемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хӀора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дӀакхайкхорхьама.
[7] Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш».
[8] Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна».
[9] КхоалгӀа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Ӏибадат а дахь, я шен хьаьжа тӀе, я шен куьйга тӀе цу экханан мухӀар а таӀадайтахь,
[10] Делан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву.
[11] Уьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн».
[12] Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Ӏийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу.
[13] ТӀаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДӀаязде: „ХӀинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гӀуллакхех садоӀур ду цара. Церан гӀуллакхаш а царна тӀаьххье дӀагӀур ду».
[14] Со дӀахьаьжча, суна кӀайн марха гира. Цу мархина тӀехь «адамийн кӀантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тӀехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара.
[15] Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна».
[16] ТӀаккха стигаларчу мархина тӀехиъна волчо, лаьттана тӀехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира.
[17] Стигалахь долчу Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара.
[18] Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана уллора цӀарна тӀехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тӀедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тӀера кемсийн хорханаш схьаяха, хӀунда аьлча и кемсаш хилла яьлла».
[19] ТӀаккха малико шен ира марс лаьтта тӀехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо.
[20] ГӀалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Ӏаьвдира. ТӀаккха цу чуьра цӀий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тӀе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бӀе чаккхарма хиллал гонах дӀасадаьржира.